Кадыров Рамзанна а, вежаршна ДелимхановгIаьрна а, Геремеев Русланна а Москох дов луьстучу тIеман кхелехь Немцов Борисан йоьIан адвокаташа хьехна политик-оппозиционер шаьш вейтина хиларх къера хила.
Немцова Жаннин адвокато Прохоров Вадима ца лору дов нийса листина. Делахь а лецна кхобучийн, цхьа Бахаев Хьамзат воцчун, бехк билгалбаьлла, уьш Немцов вуьйш билггал дакъалаьцна бу, аьлла хета Прохоровна.
«Стаг вен нах арабаьхнарш, зулам кечдинарш гойла а лаьара тхуна кхелехь. Тешна ду, пачхьалкхера хьал хийцаделча, талламо гойтур ду бакъдерг. Ткъа Кадыров Рамзанна, Геремеевна, вежаршна ДелимхановгIарна, тешна ву, гIолехьа ду шайн бехканна къера хилар», - дIахьедина Прохоровс.
Цкъачунна кхел репликашкахь ю, тIаьххьара дош лур ду бехкебечарна, цул тIаьхьа кхайкхор ю вердикт.
2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь вийра политик Немцов Борис. Пхи стаг ву жоьпе озийна, кхелехь. Шен куьйга стаг верна бехкево Дадаев Заур. Цунна гIодина боху ГубашевгIара - Шадида а, Анзора а, Эскерханов Темирлана а, Бахаев Хамзата а. Кхин цхьа стаг а вара жоьпе озийна – Шаванов Беслан, иза лоцучу муьрехь вийра низамхоша Соьлж-ГIалахь.