ПIаьнгазахь гIо оьшу нохчийн маттана

Нохчийн мотт хьеха болийна ПIаьнгазахь

Your browser doesn’t support HTML5

ПIаьнказахь гIо оьшу нохчийн маттана

Стохка дешаран шарахь дуьйна Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазахь бераша шайн ненан мотт бу Iамош кхечу предметашца цхьаьна.

Нохчийн мотт школехь хьехар юкъадоккхуш леринчу проектан инициаторша масех акци йиначул тIаьхьа, гуьржийн Iедало пурба делира мотт хьеха а, Iамо а.

Доккхачу декъанна 4-6-чу а классашкарчу бераша Iамабо шайн ненан мотт. Нохчий бехачу ПIаьнгазахь кистойн масех школашкахь кIиранах шина сахьтехь дIахьо урокаш.

Лаахь а, ца алаахь а, нуьцкъаша тIедожийна дац оцу школашкахь мотт Iамор, бераша шайн лааме хьожжий бо къастам.

Оцу юьртарчу доьшийлийн классашкахь 10-12 бер хуьлу, ткъа цхьайолчу эвлашкахь, масала, Дуисехь, 15 бер а хуьлу.

Берашна ненан мотт хьеха луучу Iалашонца инициатива кховдийначех волчу цхьаммо, журналисто, Джоколо юьртан вахархочо Бордзикашвили Сулхана "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте дийцира, дийнна шарахь бераша гайтинчу кхиамашна ша Iаламат резахилар.

Цо бахарехь, проектан дуьххьарлера дешаран шо кхиаме а, тIаьхьало йолуш а ду. ХIунда аьлча, берашна беза шайн ненан мотт, и хьеха а, Iамо шайна лууш хиларх цара дуьйцу 20-х сов шо зама яра.

Ткъа школашкарчу ненан меттан хьехархоша билгалдоккху, берашна еша а, язъян а Iемина ца Iаш, оцу маттахь байташ а цара юьйцуш хилар. Баккхийбе дешархой, педагогаша бахарехь, мотт хьехаран методикех а.

Дешаран шо долалуш, ПIаьнгазарчу берашкахь 20 киншка бен йоцуш, къоьллехь яра школаш. Ткъа карарчу хенахь эзар сов ю уьш, Нохчийчуьрчу дешаран, Iилман министраллан урхалхоша латторца.

"ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчуьра Iедалан бала кхаьчна кистойн бераша нохчийн мотт Iаморца. Цара совгIатна яийтина тхуна киншкаш" элира Бордзикашвили Сулхана.

Делахь а, тахана юха а Iаматашца проблема гIоьртина дешархойн а, хьехархойн а. ХIунда аьлча, йолу киншкаш хьалхарчу классехь доьшучу берашна бен магош яц, ткъа хIинца уьш 2-чу классе бевлла, Гуьржийчоьнан урхалло цкъачунна бина гIайгIа бац.

Бераш кхи дIа а хаарш кIарг ца дича ца довлу, цундела и хууш волу Бордзикашвили сингаттамехь ву, киншкашна хIун дер ца хууш.

Иштта лаам бу Сулханан нохчийн мотт Iамочу берашна аьлла, церан хаарш зуьйш, тесташ юкъаяха. Жоьпаш кхачаме хиллачунна совгIаташ а деш.

Оцу барамна кечамбан а оьшу ахча. Цундела спонсорш кароре сатуьйсу цо. Амма ца карабахь а, башха воьхна хьийзар волуш вац Бордзикашвили, шен кисанара ахча делла а, ша долийнарг чекхдаккха сецна ву иза.

Цкъачунна нохчийн мотт Iамор грамматикаца бен дац школашкахь, амма гергарчу хенахь проектан авторш догйовха бу, "нохчийн литература" предмет а программана юкъаяло.

Делахь а, герггарчу хьесапехь аьлча, цхьа итт шо даьлча бен дан тарлур дац и боху нохчийн меттана саготта хьийзачу журналисто.

ТIаьххьарчу бахархойн барам билгалбаьккхинчу хьасташа бахарехь, ПIаьнгазахь бехаш бу 5700 кисто. МухIажийрин статусехь ву 350 нохчо.

Цара караберзийна гуьржийн мотт, шайн башхаллехь буьйцу нохчийниг.