Гериев Жалавдин адвокаташ Еврокхеле бовла лерина бу

Наркотикашца воьзна аьлла, хан тоьхна чувоьллинчу «Кавказан узел» агенталлан журналистан Гериев Жалавдин хьокъехь еллачу искна куьг ца яздина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Цуьнан адвокаташ лерина бу Еврокхеле а бевлла журналистца лело харцо къовса. «Кавказан узел» агенталло хаам ма барра, Гериевн агIончаша ши арз дахьийтинера Лакхарчу кхеле, нохчийн суьдхоша кхелан къепе йохор юха метта а хIоттош, дов юха листар тIедожош.

Шина а деллачу арзан хьокъехь сацам бина хилла байначу беттан тIаьххарчу дийнахь, амма цуьнах информаци пIераскандийнахь бен Iораяьккхина яц Лакхарчу кхело шен сайтехь, аьлла адвоката Ермолаева Надеждас.