"Кавказ-Центран" администратор вер луьстучу кхелехь гуш вац киллер Валидол

Туркойчу нохчийн цIий Iено Оьрсийчуьра киллерш хьийсориг мила ву?

Your browser doesn’t support HTML5

Туркойчохь вийначу цхьана а нохчочух бина сацам бац меттигерчу кхелаша

…2015-чу шо, Лахьан-беттан 1-ра де. Истамул. Ша вехачу Каяшахерерчу маьждигехь ламаз дина, чувеъча, кхо шо долу вешин йоI эцна, шен Volvo-джип латийна, туькана ваха новкъаволуш хилла лекхачу дегIахь, ехха маж йолу Эдилгериев Iабдул-Вахьид, яздора The Guardian-о.

ЦIеххьана сецна царна уллехь кIайн Skoda Octavia. Оцу чуьра тоьхначу тапчано белшах човйина Эделгериевна. Иза, сихха бер машенчу лахха охьа а дижийна, дIаведда шайн цIийнан агIор. Шина киллеро, тIаьхьа а уьдуш, пхоьазза тоьхна тапча. Iабдул-Вахьид велла.

Зуламхой бевдда. Кхаьчначу лоьрийн ца хилла дан гIо. Полицино, еъна, дIалехьийна патармийн чкъоьргаш.

Кхелхинарг вара 32 шо долу, шераш хьалха шен вийначу кхаа вешица цхьаьна Нохчийчуьрчу ШолгIачу тIамехь дакъалаьцна, 2008-чу шарахь ког лазийча Туркойчу дIавахана нохчо, Кавказ-Центран администратор.

2012-чу шарахь, дас Iалус дийцарехь, Шема вахана хилла Iабдул-Вахьид. Ткъа цигара Туркойчу юхавеана ши шо даьлча. 2014-чу шарахь вахана, Украинан низамхоша ша, оьшуш вац аьлла, юкъахваккхалц летта Донбассерчу оьрсийн сепаратисташна дуьхьал. Истамуле юхавеана беттанаш бевлча вийна киллерша.

Эдилгериев Iабдул-Вахьид вийна ах шо даьлча лаьцна Туркойчоьно Истамулехь зуламна бехке хила тарлуш ву аьлла Оьрсийчуьра веана 52 шо долу Анисимов Юрий а, 55 шо долу Смирнов Александр а. Уьш рогIера зулам кечдеш хьийзачу муьрехь лаьцна, яздора хIетахь туркойн Hürriyet Daily News газето.

Кхин цхьаъ а – Насыров Александр – вара цаьрца зIенехь, цаьрца цхьаьна Эдилгериев вуьйш дакъалаьцна хила тарлуш. Цо мехах лаьцна бохура нохчо вуьйш хьийзинчаьргахь хилла кIайн Skoda. Амма иза дIаваханера Туркойчуьра Эделгириевн велле.

Прессо яздора данным, лаьцначу шина Оьрсийчуьрчу шпионех цхьаьннан - Смирнов Александран – бакъ цIе Лурахмаев Валид ю, иза нохчо ву, бохуш ( тиллина цIе - Киллер Валидол). Массех пачхьалкхехь Оьрсийчуьра схьабевлла кхин а нах байина «Валидол» ву иза, дуьйцура прессехь.

Лецначаьрца хIеттехь цхьанакхийтира Оьрсийчоьнан Туркойчуьра инарла консул Подъелышев Андрей. Иза шашах ца нисделла, шен шпионаш кIелхьарабохуш ю Кремль, яздора Туркойчоьнан прессо. Hurriyet-0 чIагIдарехь, Эделгериев верна бехке хила мегачара дарединера шаьш Туркойчохь а, Европехь а «Оьрсийчоьно тIедехкина шпионийн декхарш кхочушдеш дара», аьлла.

…Бутт бу лаьцна латточу шинна тIехь Туркойчоьно кхел йолийна. Ткъа тамаше ду я зулам толлуш а, я кхел йолалуш а ЭделгериевгIаьрца – деца Iалуца, я вешица Зеламхица низамхоша цхьа а къамел дина а дацар, таллам дIахьош Туркойчоьнан цаьрга хеттарш хилла а дацар.

Оьрсийчуьра иза вен бахкийтина нах хилар шеконехь а дац тхан"

Маршо Радиоца къамелдан реза хилира Эделгериев Iалу. Амма цунна ца гина кхелехь Киллер Валидол - нохчо Валид. Иза дIахецна туркоша, хаам баржийра прессо дукха хан йоццуш. Иштта ду тхан Iалуца хилла къамел.

Маршо Радио: Зулам толлучу юкъанна бехкечех гучуваьлла керла стагга а вуй?

Эделгериев: "Гучуваьлла стагга а вац. Тхо кхелея кхайкхина а дац. Тхаьшна кхел йоьду меттиг хиича, тхпйггара дахара тхо цига. Вевзаш волчу туркочун гIоьнца цхьа жима йоI-адвокат лецира оха. Иза хьалхара кхелан де а дерзале дIаяхара цигара.

Ши гIазакхий вара жоьпе валийна, важа Валидол бохуш верг - Валид - иза вацара. Къена полковник а вара, кхин цхьаъ а вара. Цхьаннан 8 адвокат вара цигахь, вукхуьнан 4 вара.

ТIебогIучу беттан 25-чохь хир ду-кх рогIехь гулдалар кхелехь.

Маршо Радио: Шуьца дийцина а дуй, хиттина а дуй хьан воI верах низамхоша?

Эделгериев: "КIант вийначу деношкахь лерринчу ницкъех нах баьхкира, иза Шемахь хилларх лаьцна хеттарш а дина, дIабахара. Кхин тхоьга вистхилла цхьа а вац. ... Оьрсийчуьра иза вен бахкийтина нах хилар шеконехь а дац тхан".

Вийначун дас Эднлгериевс ма-баххара, тIаьххьарчу шерашкахь вуно дукха байина нохчий Туркойчохь. ХIоразза а даьржара официалехь я цунах йозуш йоцчу меттигерчу прессехь зуламан да Кремль а ю, киллерш цо бохкуьйтуш а бу, олий.

Туркойчохь беха нохчий цецбевлла, аьлча а, Iадийна беха шерашкахь хIоьттинчу хьолах. Оьрсийчуьрчу киллерша шайлара нах бойийла а, уьш Ичкерин я «Кавказ» Имаратан векалш дIалехьон, эхарта хьежон лелийла а хилча хууш, стенна ца лоьцу Туркойчоьно шен хеннахь, стенна ца лардо мухIажирийн дахар, хоьтту цара.

ТIехь тхуна лаьттачун балаболуш цхьа а вац кхузахь".

Амма дац нохчийн мухIажирийн аьзнаш Туркойчохь тIех гIарадовлуш а. Эделгериев Iалус иштта къадийра цунах шена гург.

Эделгериев: «Кхузахь цунна тIекхачале а ма байиний нах. Амма цхьаннах а къастийна хIума дац. Цкъа Истамулан центрехь вийра кхоъ. Дуьххьара винарг гIебарто вара. ...Муса бохуш цхьаъ а вийра. ...Дац теллина. ...Кхунах хиндерг суна ца хаьа.

ТIехь тхуна лаьттачун балаболуш цхьа а вац кхузахь. Гулбелча нохчаша дийца а дийцина, вай тIаьхьий-хьалхий дойуш ду, хIун до вай, бохуш. Хийцаделла дац хьал".

Эдилгериев Iабдул-Вахьид вер луьстуш схьайогIу кхел рогIехь гуллур ю, вийначун дас ма-аллара, бутт гергга хан яьлча.