Оьрсийчоьнан пропагандан телеканало болх бийр бац Румынехь

Оьрсийчоьнан ВГТРК-ан дакъа долчу RTR спутникан телеканалана болх бан лицензи яла реза ца хилла Румынин Iедалш. Бахьана цо пропаганда ян а, Евробертах а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатех а лаьцна харц керланаш даржоран кхерам хилар.

Францин дуьненаюкъарчу радионо (RFI) бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан телеканалана лицензи яларна дуьхьал кхаж тесна Румынин телевизионан а, радион а къоман кхеташонан 9 декъашхочо.

RTR куьйгалхоша дIахьедар дина, шаьш кхин дIа а гIертар ду Румынехь лицензи яккха аьлла.