Your browser doesn’t support HTML5
2008 - чу шарахь гIардаьхначу терахьашца махкахь и пехIийн цамгар Оьрсийчохьчул а кхузза сов яьржина хилла. Цу хенахь хиллачу могушаллан министро йинчу къароца, 20 эзар сов вахархо и цамгар йолуш хилла республикехь, шайна юкъахь и цамгар генаяьлларш 7-8 эзар стаг а волуш.
Махкахь и цамгар мел кIаргьелла гойту кху терахьаша а: бархI- исс шо хьалха кхузахь эзарна юкъахь и цамгар йолуш 355 вахархо хилла, тIаьхьо и гайтам жимма битаме беъна 301-нна тIекхаччалц.
Туберкулез цамгар Нохчийчохь сел яржар лазархойн шайн бехкаца а дузу цхьаболчу лоьраша а, тергамхоша а.
Стенна аьлча боху цара, шайгара хьал кхета а дина, шаьш бахьнехь и цамгар кхечарна тIе ца ялийта, дIаса ца яржийта лаам берш алсам белахь а, царалахь болуш бу бала цакхочурш а, само ца йийраш а.
Цунна схьахетарехь, лач делахь а тоьшалла ду, могушаллан министралло орца а аьлла, кху деношкахь прокуратура юкъа а йоьлла, цхьаболу пехийн цамгархой бертаза дарбанан цIийне кхачабар.
Уьш масех кIоштера 11 лазархо ву цкъачунна лоьрийн бIаьргаIуналле кхачийнарг. Старопромысал кIоштера а ву мехкан тубдиспансере кхачийначех шиъ.
Цигарчу цхьана лоьро-фтизиатаро дийцарехь, цхьаболу цамгархой шен хенна молханаш схьаэца а, зераш дайта лоьрашна тIекхача а саготта ца хуьлу. Шен цIе йоккхийла ца лиъна лор ю дуьйцуш.
"Дарбанан цIийнехь молханаш лелийна бу дукхахберш. ХIора ткъа де мосазза дели тIе а богIуш, молханаш схьа а оьцуш, кхачо йоллуш шайна лело дарбанаш чекхдаха дезаш бара уьш. Цхьаболчара и ца до, маьхаза луш молханаш доллушехь", - бохуш, дуьйцу лоьро.
Ишта маьхаза пенсеш а доладалийтина царна боху лоьро-фтизиатро, мел оьшург деш лаьтташехь, оццул шайн терго ешшехь, шаьш-шайна а, гергарчарна а зулам до-кх цара.
Билггал пехийн цамгарх дерг юххера девзачу говзанчашна хетарехь 400 стаг чувилла йиш йолуш тубдиспансер а йина, махкахь цомгашчарна дарбанаш лело долийчхьана хаъал лилхадевлла цу лазарца болчеран могIарш.