ДаIишах дIакхетарна бехке веш ву "шизофрения" лазар долу нохчо

ХIамбургерчу кхелехь хоттуш ду 25 шо долчу нохчочун дов. Цунна бехке дуьллуш ду, кхо шо хьалха Шема а вахана, цигахь ДаIишах дIакхетар а, цу тобан могIаршлахь цкъа хьалха герз лелон а Iамийна, цул тIаьхьа тIемашкахь дакъалацар а.

2001-чу шарахь дуьйна Германехь политикан тховкIелонца Iаш волу и стаг юкъ-кара Швецехь а вехаш хилла. Цул совнаха Оьрсийчу иза вахана хилар а гучудаьлла Iедална. 2014-чу шарахь Шема а вахана, цигахь ДаIишах дIакхетта хилла иза, ХIамбургерачу прокуратурано чIагIдарехь. Ша Шемахь хилар харцдеш лаьцнарг а вац, кхелахочо процессехь аларехь.

Бакъду, и стаг коьртана дика воцуш хиларна а, Шема вахале дуьйна а шизофрения олуш долу синцамгар токхуш хиларна а, кхело къастон дезаш ду, иза ша лелийначух мел кхеташ вара, ша ДаIишах дIакхетачу хенахь, ткъа иштта иза набахте волла вогIу я психиатрин лоьрийн цIийне хьажон вогIу.

Кхин масех денна яхлур ю Шема вахарна бехкевечу жимчу стаге барт хотту процесс.

Маршо Радионе ХIамбургерчу Лакхарчу кхелехь бинчу хаамца, синойн цамгарш толлучу лоьраша цу кIентан могашаллин хьокъехь шайн рапорт йовзийта езаш ю кхелехь.