Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташ а, Роскомнадзоран векалш а кехат хьажо дагахь бу Кадыров Рамзанан Facebook-ехь а, Instagram-ехь йолу агIонаш дIакъовлар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина Думан информацехула йолчу комтетан куьйгалхочо Левин Леонида.
Нагахь гергарчу хенахь Кадыровн социалан машанашкарчу агIонашна блок хIотторан бахьана ца къастахь, шаьш цига официалан кепара кехаташ хьажор ду боху цо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Инстаграмера аккаунтна блок хIоттийначул тIаьхьа боллу парламентан декъахоша шаьш дIатосур ю аьлла и социаоан маша, хаамбина парламентан прессо. Шоьтан буса дуьйна болх бечуьра сецна ю Кадыровн Фейсбукан а, Инстаграман а аккаунташ.
Цунна тIаьххье шен агIо а дIакъевлира парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Кадыровн инстаграм схьаеллалц, шен аккаунтех пайдаоьцур бац ша аьлла, дIа а хьедеш.
Шайн куьйгалхочун агIо лоцуш, Инстаграм дIатосур ю шаьш боху депутатийн корпусо а. 4I депутатах лаьтташ ю Нохчийчоьнан парламент.
Кху деношкахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа "Магнитскийн тептаре" ваьккхина Кадыров Рамзан, махкахь кхел йоцуш нах байарна а, халкъана тIехь Iазапаш латторна а, адамийн бакъонаш ларъеш цахиларна а.