Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь ХIиндойчуьра кхаьчначу делегацина хьошалла лелийра Нохчийчохь. Оьрсийчуьра хIиндойн векалаллераа нах баьхкинера Соьлж-ГIала, коьртехь посол Саран Панкадж а волуш.
Хьешашна улло ваьлла, церан лаамаш кхочушбора къоман политикан, арахьарчу зIенинй, зорбан, информацин министро Умаров Джамбулата.
Иштта цхьанакхетарш хилла тобан мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а. Шина агIоно Iалашо юьхьарлаьцна тIейогIучу хенахь массо а кепара вовшашца юкъаметтигаш латто.
Къаьстттина тидаме эцна хIиндойн а, нохчийн а бизнесхойн вовшах а кхетта, шаьш дахаре ерзон йолчу проектехь дийцарш дар.
ХIиндойн дипломато Нохчийчоьнан куьйгалла хьошалгIа кхайкхина шайн пачхьалкхе царна бегIийла доллучу хенахь.
Соьлж-ГIалахь хIоттийначу пресс-конференцехь Саран Панкаджа дIахьедар дира, республикан урхалхойн боккха лаам хиларх шайн пачхьалкхца гергарлонаш латто.
"Йохка-эцарна а, инвестицешна а тIера дIадуьйладелла, оха дийцаре дира экономикан а, Iилман а юкъаметтигашна тIехь къахьегар а, иштта терроризмаца къийсам латтор а, кхузаманахь Исламан дуьненчохь дIалаьцначу декъах а, иштта кхи а дуккхаъчух", - элира пресс-конференцехь Сарана.
Иштта цхьа могIа цхьанакхетарш дIадаьхьна ХIиндойчоьнан тобано кеп-кепарчу министраллийн векалшца а, пачхьалкхан университетан студенташца а, хьехархошца а.
Доьшийлийн инфраструктурана реза хиллачу хIиндойша Iаламат пайден а, мехал а хир дара аьлла, нохчийн а, шайн а студенташ хуьйцуш, практика юкъаялийча а.
Хьахоза ца дисина туризман а, културан а гергарлонаш дIатийсар а. Оцу агIор дуьххьара гIулч йоккхуш шина пачхьалкхан векалша барт бина тIейогIучу хенахь Нохчийчохь хIиндойн културан фестивал хIотто. Гурахь Соьлж-ГIалин 200 шо кхачар даздар хIиндойн эшаршца, хелхаршца, киношца иэдан барт хилла церан цкъачунна.
Доккхха ниIмат лору зорбан министро Умаров Джамбулата, ХIиндойчоьнна нохчашца гергарлонаш, уьйраш иэшар.
"ХIиндойн делегаци вайн махка яро а гойту, оцу тIехйоккхачу пачхьалкхан вайца даггара интерес хилар. Бусулбанаш алсам бехачу дуьнечуьрчу мехкашлахь иза шолгIа пачхьалкх ю.
КIезиг хIума дац, дуьненаюкъара терроризм вай эшийна хилар тидаме а эцна, ХIиндойчоьнан политикан гонашкахь Нохчийчоьнан зеделлачух пайдаэца лаар дипломато схьахаийтар зовкхе ду вайна" бохуш, дозаллийца дуьйцу министро.
Доцца аьлча, боху Умаровс, вовшашлахь Iама хIума долуш ю ший а регион.
Нохчийн яздархочо, културан белхахочо Уциев Аюба а, шена хетарехь, билгалдаьккхира юкъаметтигаш, гергарлонаш лелор зене цахилар а.
"Муьлххачу а къомаца а, културехь а, экономикехь а, дешарехь а, Iилманехь а, мичча агIор а лелош йолу юкъаметтигаш дера ю вайна мехал а, вайна гергара а.
Айхьа цхьаъ дечу хенахь цхьаннах дагавала, царна хетачуьнца а дуста а дуста, хьайн даго кълбалдийриг а, хьайн гIиллакхца догIург бен дан а ма де, олуш ду вайн дайша а. Церан, хIиндойн, културе дукха мел хьоьжу а, царна шайн култура мел еза, цара цуьнан мел сий-пусар до хааре терра бен хир дац хьайн дагчохь, хьайн култура чIагIъялар а, кхир а", - элира Маршо Радиоца шен къамелехь Уциевс.
Делахь, дерриг тIаьхьа а теттина, тахана хьалхадаьккхина дуьйцург ду, рогIерчу Соьлж-ГIалин 200 шо кхачарна леринчу даздаршкахь хIиндойн културан фестиваль дIаяхьа бинчу бертах.
Бакъду, продюсер Терекбаев Беслан коьртехь волчу "Чеченфилм" компанино хIиндойшца масех шо хьлаха дуьйнна долийначу културан гергарлонех цкъачунна яьлла йист ца го, я беана пайда а.
Масийттаза хIиндойшца цхьана масех кинопроект ю йолийна аьлла, махкарчу зорбанашкахь дийцар-м дисира, деккъа хабар а хилла.
Ткъа Соьлж-ГIалахь хинболчу барамех дуьйцуш, дипломато Сарана аьлла, кинох, хелхарех, музыкех, кхечу Нохчийчохь езаш тIеоьцучу шайн културан аспектех лаьттар ю фестивалан программа.
Нохчийчохь хIиндойн хелхарех я эшарех пайдаоьцурш алсам бу ала а хало ду, хIунда аьлча, хIинццалц схьа театран, филармонин сцени тIехь локхуш хезнарг цхьа йиш ю, махкахь евзачу эшаршлакхархочо Парсанова Таисас а, "Хьапар-чупар" кегочу Исламов Султана а цхьана сурт а хIоттош.
Хенан йохалла ХIиндойчоьнан бахархошна вайнехан култура йовзийта Iалашо а тIелаьцна хьешаша, нохчийн пачхьалкхан "Даймохк" цIе йолчу берийн хелхаран ансамблан репетицехь хиллачул тIаьхьа.
Шайн къомо Iаламат дика тIеоьцур ду аьлла хета хьешашна нохчийн хелхарш а, мукъамаш а.