ООН-н сацамна тIех а бевлла, нохчо Оьрсийчоьне дIалуш ву Бакун Iедалша

Нохчийчуьра схьаваьлла, террорхошца зIенашкахь хилла аьлла, Азербайджано 13 шо набахтехь а даккхийтина Такаев Сайд-Хьусейн гергарчу хенахь Оьрсийчоьне дIалур волуш ву аьлла, "Кавказ.Реалиига" хаийтина цуьнан Бакохарчу гергарчу наха.

Маршо Радионо хьалхо яздира шен агIонашкахь Такаевн кхолламах. Бакъонашларъярхойн "Мемориал" центран информацица а догIуш, 2001-чу шеран бIаьста Дубин-юьртанна а, Чирийн эвланна а юкъерачу "Южный" олучу постехь чевнаш йинера цунна. Циггара оьрсийн эскархоша дарбан хIусаме а кхачийнера иза.

Билгалдаккха догIу, "Мемориалан" информацина тIе а тевжаш, Такаев тIом беш лазийна цахилар, постехь лаьттачарна йинчу кIелонехь цунна дакъа кхаьчна хилар. ТIемалойн декъехь хилла вац иза. Цул тIаьхьа, СИЗО-хь кхаа баттахь латтийначул тIаьхьа, амнисти йиначарна юкъа ваханера иза.

ХIетте а оццу шарахь Азербайджане дIавахара иза, ша Iедало терго йоцуш вуьтур воцийла кхетта. Цул совнах, блокпостехь йина чевнаш а яра цуьнан ерзо езаш.

Такаевн доьзало мухIажирийн статус ехнера Азербайджанан Iедалшка, мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу Бакох куп тоьхначу ООН-н офисо елира царна тховкIело.

2004-чу шарахь террорхойн "Ал Къайда" тобанца уьйраш хилла аьлла, бехке а вина, набахте хьажийра иза 13 шарна. Ша Такаевс бехк тIе ца битира.

Тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа, маьрша ца воккхуш, депортацин набахте вигира Такаев, гергарчу хенахь Оьрсийчоьне дIавала Iалашонца.

Такаевн 4 бер ду. Цуьнан хIусамнанас дехар динера бакъонашларъярхошка а, журналисташка а шен цIийнда Оьрсийчоьне дIа ца валийтарехь, гIо доьхуш.