Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран Телеграм-каналехь хаамбо, Азербайджанан Iедалша Такаев Сайд-Хьусейнна экстрадици ярх.
"Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано схьавоьху Такаев еаридийнахь дIавелла Азербайджано, цунна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакх кхи дIа таллархьама. Цунна бехкедуьллу, гIаттамхойн тобанехь латтар а, тIелатарш дар а. Шен даймахка дIакхачийна Такаев гергарчу хенахь кхеле хIоттор ву", - аьлла бу хаам.
2013-чу шеран Iай Шела кIоштан кхело лаца кхайкхийнера Такаев. Чиллан-беттан 9-чу дийнахь Оьрсийчоьно Азербайджане иза схьавоьхуш, кехат дахьийтинера.
Билгалдаккха догIу, "Мемориалан" информацина тIе а тевжаш, Такаев тIом беш лазийна цахилар, постехь лаьттачарна йинчу кIелонехь цунна дакъа кхаьчна хилар. ТIемалойн декъехь хилла вац иза. Цул тIаьхьа, СИЗО-хь кхаа баттахь латтийначул тIаьхьа, амнисти йиначарна юкъа ваханера иза.
ХIетте а оццу шарахь Азербайджане дIавахара иза, ша Iедало терго йоцуш вуьтур воцийла кхетта. Цул совнах, блокпостехь йина чевнаш а яра цуьнан ерзо езаш.
Такаевн доьзало мухIажирийн статус ехнера Азербайджанан Iедалшка, мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу Бакох куп тоьхначу ООН-н офисо елира царна тховкIело.
2004-чу шарахь террорхойн "Ал Къайда" тобанца уьйраш хилла аьлла, бехке а вина, набахте хьажийра иза 13 шарна. Ша Такаевс бехк тIе ца битира.
Тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа, маьрша ца воккхуш, депортацин набахте вигира Такаев, гергарчу хенахь Оьрсийчоьне дIавала Iалашонца.
Такаевн 4 бер ду. Цуьнан хIусамнанас дехар динера бакъонашларъярхошка а, журналисташка а шен цIийнда Оьрсийчоьне дIа ца валийтарехь, гIо доьхуш.