Your browser doesn’t support HTML5
ТIаьххьарчу кIиранашкахь Азербайджано Оьрсийчу дIавала хьийзиначу нохчийн мухIажирна Такаев Сайд-Хьасанна еарин Iуьйранна депортаци йина. И стаг тIаьхьарчу 13 шарчохь набахтехь латтийнера Азербайджанан Iедалша, террорхойн тобанан могIаршлахь хилла аьлла, бехке а вина.
2000-чу шарахь, адамийн бакъонашларъярхоша дийцарехь, цунна Чири-эвланна уллорчу оьрсийн блок-постехь герз тоьхна, чов йинера. Цул тIаьхьа эскархоша цкъа хьалха лоьрийн цIийна кхачийнера иза, цул тIаьхьа, цунна гIоле хилча, лаьцнера. Кхо бутт набахтехь баьккхинчул тIаьхьа амнисти юккъе а вахийтина, арахецнера и стаг.
Ша маьршаваьллачул тIаьхьа Баку дIаваханчу Такаевс Азербайджанехь цигарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин векалтехь мухIажаран статус ехнера. Цунна иза яла а еллера.
Амма 2004-чу шарахь информаци яьржира, Азербайджанехь Ал-Къаидица боьзначу тIемлойн тоба лаьцна аьлла. Цу тобан декъахиларна бехке вира Такаев а. Ша бехкецахилар цо чIагIдешшехь, 13 шо хан а тоьхна, чувоьллира деа беран да.
И хан ерриге а цо набахтехь а яьккхира. Делахь а, цу тIехь цуьнан кхолламан чолхе мур дIа ца бирзина. Такаев араволу хан тIекхаьчча, иза маьршаваккхаран метта Азербайджанан Iедало иза депортаци яран набахте вигира, Оьрсийчу экстрадици ян Iалашонца.
Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло мухIажир санна къобал вина иза Оьрсийчу дIавала дуьненаюкъарчу берташца бакъо яцахь а, хIетте а еарин Iуьйранна иза Дагестанан дозане дIа а вигина, оьрсийн Iедалхошка дIавелла.
Дуккхаъчу шерашкахь Такаев Сайд-Хьусейн а, цуьнан доьзал а бевзаш волчу Бакохарчу нохчийн диаспорин куьйгалхочо Моллаев Рамзана тоьшалла до, и стаг шена дуьхьал тоьттучу хIуманна бехке хуьлийла дац, бохуш. Ша 2001-чу шарахь Москохара Баку схьавеанчул тIаьхьа цо Оьрсийчоьнан лаьтта тIе ког левзина а бац боху Моллаевс.
Такаев 2003-гIа шо кхаччалц оьрсийн эскархошна тIелатарш дарехь декъахилла бохуш, цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша яржо харцинформаци, бух боцуш хилар а чIагIдеш: "И стаг мухIажиран статус йоллушехь а, цунна йина амнисти а йоллушехь, Iуьйранна 7 сахьт даьлча ара а ваьккхина, дIавелла Оьрсийчу. Иза дIавигар цхьаъ.
ШозлагIниг – цунах лаьцна яржош информаци ю, иза 2003-гIа шо кхаччалц тIелатарш деш хилла, бохуш. 2001 - чу шеран Зазадоккху –баттахь лаьцна хилла иза. 2001-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 30-чохь цунна амнисти ярх кехаташ а ду вайгахь. 2001-чу шеран Гезгамашин-баттахь дуьйна Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а хилла а вац и стаг".
Карарчу хенахь Нохчийчуьрчу Талламан комитетан белхахоша хеттамаш беш бу Такаевга. Цуьнан хIусамнана а, Азербайджанехь иза вевза-везарш а дуьненаюкъарчу институцешка а, адамийн бакъонашларъярхошка а орца доьхуш бу, и стаг маьрша ваккхаре доьхуш.