Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Нохчийчохь лаьцна холмачалла лелош зуда. Цунна бехке дуьллу, нахана мехах пал тосуш, динехь магийна доцу дарбанаш лелош, нах вовшашна марзбеш, уьш къастош, хIуманаш лелийна хилар.
Меттигерачу телехьожийлехь гайтира ханна йоккху и зуда а, цуьнгара схьадаьхна тептарш а, жайнеш а. Цо даредира доллучунна а.
Холмачалла лелориг Нохчийчохь лаьцна аьлла шайна хезча, дуьххьара юкъараллехь хезарг "иза ма дика яхьна и хIума лело".
Махкахь дукха хена дуьйна дихкина ду иза. ГIара а бохуш, юьхьIаьржа а хIиттош, таIзарш дина хийла стагна. Бозбуунчалла лелорш махкахь хуьлу, цаьргара шайна гIо хир ду аьлла хетарш хIинца а дукха болун дела. Уьш бацахьара нах "йийсаре" лоцурш а дIабевр бара, аьлла дуьйцу юкъаралхочо Батукаева Сацитас: "Соьга хаьттича оцу бозбуунчалашна цхьацца болу нах цунна тIера хилар а, цуьнца долу некъаш лахар а, суна хетарехь, адамо шен дахарехь хьанал некъаца дан ца делларг оцу бозбуунчаллица дан хьожу. Иза атта долуш санна хета-кх нахана. Цхьа тоба ю нехан доьзалш бохош, зудий-маррий къастош, адам далийта лелош шайна цхьа жимма новкъарло йича. Иза-м гуттар а эрчо ю".
Жинашца, шайтIанашца тар, оьрсийн маттахь магия олу, Оьрсийчохь магийнера 1991 шарахь. 2013 шарахь талламаш бинера цу хьокъехь. Холмачалла лелочарна тIедахний шу аьлла хаьттича, 67 процент зударша "хIаъ" аьллера.Ткъа 36 проценто шаьш теша бохура цара лелочу полах.
Даим схьадогIуш ду, пачхьалкхехь цхьа кризис хилча, цIеххьана алсам долу холамчалла лелочарах тешачеран терахь, аьлла дуьйцу психолога Медведева Натальяс: "Пачхьалкхехь экономикан кризис а йолуш, ахча ца тоьуш, къийсамаш хилча, адамаш шаьш а, вовшах а емал бан болийча, пал тасараан барам лакхаболу. Соьга хаьттича, со со а Делах тешаш стаг ю, со дуьхьала ю оцу палтасарна а, экстрасенсашна а. Со ца теша куьйгашца цара дарба муха до. Суна хетарехь, низам оьшу церан хьокъехь. Вайна хууш ма ду, цара нах Iехабойла а, церан могашалла хIаллак хуьлийла а. Синкхетам а талхо а мега цара".
Нохчийчохь пал тасар а кхидолу бозбуунчаллаш лелор дихкина делахь а, луларчу мехкашкахь паргIат болх беш бу уьш. Царна тIе оьху Нохчийчура бахархой, аьлла дийцира ХIирийн махкарчу Моздокехь вехачу юкъаралхочо Яндарбиев Вахас: "Мазлакехь и хIума хуурш бу. Алик бохург вара. Иза велла. Цхьа турко а ю, кхиъ цхьа ши йоккха стаг ю оьрсий, йоккха ши стаг. Цхьа молханаш кеч а дой дIало цара. Делахь холмачхой болуш бу хьуна. Цу агIор оьхуш вайн дукха нохчий бу-кх хьуна".
Нохчийчохь холмачалла лелош хIинца гучуяьккхинчу зудчуьнга хьажа кхайкхинчу моллано и дакъаза яла кхерам бу аьллера, цо сихонца дине юхайоьрзуш тоба ца дахь.
Ткъа, Iедалан агIора доггIу таIзар дийра ду элира цо. Бакъду, муьлхачу кепехь хир ду иза билгал ца даьккхира, хIунда аьлча, Оьрсийчохь дихкина дац и хIума лелор.
Стохка пачхьалкхан Думехь чекхадаккха гIоьртинера холмачалла доьхкуш долу низам, амма иза тIе ца ийцира депутаташа. Цунна меттана федералан массийта телехьожийлехь прайм-тайм олучу хенахь, дуккха а хьовсархой а гулбеш, йоьлхуш ю беллачу нахаца зIене буьйлучу а, хиндерг хуучу а, кхолламаш ойланца хуьйцучу а нахах лаьцна программаш.