Your browser doesn’t support HTML5
Интернетехь "оьзда ца лелачу" мехкарийн суьрташ даржочу "Карфаген" цIе йолчу вайнехан пабликана буха язвелла вара 50 эзар стаг. Стохка аьхка, шаьш даржочу суьрташтIера зудабераш аьшнаш дан уьш боьлча, Роскомнадзоро пабликан агIо дIакъевлира.
Делахь а, "нийса ца лелачу" мехкаршна тIаьхьабевлла таллархой бисира. Нохчийчохь Iаламат яьржина ю "ВКонтакте" социалан маша, цуьнца къовсаяла де ду цхьана Инстаграман.
"Карфагенах" тера пабликаш кIезиг яц цу чохь. Къаьсттина жигараллица дика евзаш ю стохка аьхка юкъаяьлла "Зульфикар" тоба. ХIинцале а 4700 декъашхо ву цаьрца цхьана.
Шен хотIаца "Зульфикар" тера ю "Карфагенах". АгIонан администраторшна хетарехь, духарца "маьттаза" лелачу кегийчу зударийн суьртех публикацеш йо цара. Оьздангаллин гурашкахь кегийн зударий хилийтархьама къийсаме арабевллачу цара, мехкарша гайта ца еза аьлла хета меттигаш басаршца дIахьулйо.
"Шен дегI дIаоьхьуш лела рогIера цIока ю хIара. Комментарешкахь масаьрца а екаш хуьлуш ю, и стаг муьлххачу къомах, динах велахь а". Иштачу йозанашца зорбане яьхна Мусаева Мадинин агIонан скриншоташ (кхузахь а, кхи дIа а орфографи а, пунктуаци а ша ма ярра йитина артиклан авторо).
Оцу йоIехьа гIо дохуш, цунна тIехIуьттучарна администраторша блок етта. Негативе а, нейтрале йолу комментареш гучохь юьту.
"Цуьнан ден, вешин яхь, сий дан а дац-те? Шен доьзалхо иштта цхьалха муха волуьйтур ву чуьра ара?"- бохуш, эргIаде цецбуьйлу ресурсан модераторш Элина ник йолчу цхьана йоIа коьртахь йовлакх а доцуш, йоца коч йоьхна даьккхинчу сурта бухахь.
Кхузахь а изза хьал ду: йоIа а, цуьнан агIончаша а дитина йозанаш дIадаьхна. Ткъа дитина цаьрга дуьхьал дахкийтина жоьпаш.
Цо шен къам бехдо, "оцу цIокан берашна" тоьпаш тоха езара бохуш, чIагIонаш йо йоIана дуьхьал бевллачара.
"Цуьнан комменташкахь а гуш ду, эрна ду цуьнга хIуммаъ а бахар. ЦIока – цIока ю-кх ша ма ярра", - аьлла, тIетоьхна оьгIазвахначу цхьаммо.
Иштта пабликехь буьйцу "харцахьа лела" божарий а, амма дукхачу хьолахь зударшна дуьхьал болийна тIом бу и. 16 шо долчу хиджаб тиллинчу йоьIан сурта бухахь яздо: "Оцу йоьIан нах шайна бовзахь, дIахаийтиша цаьрга, иза кхузахь юйла. Тхоьца зIене довла а ала цаьрга".
"Зульфикарна" буха язвеллачу Муслима карладоккху, "КъорIано хазалла дIаэхьа магош доцийла"."Нагахь йоIа хиджаб тIейоьхнехь, ша динехь хиларан билгало гойтуш мая й и. Шена тIерачу духаре терра хила деза цуьнан лелар а", - яздо "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте, хIун бехк бу оцу зудаберан аьлла, шега деллачу хаттарна жоп луш.
"Хетарехь, ша шена пиар еш хилла иза. Цуьнан Iалашо хилла шортта доттагIий гулбан шен агIон тIехь. Цу кепара амбициозе мехкарий бахьана долуш дуккхаъчу нехан Исламах харц кхетам кхоллало. Бакъдолчу бусулба дино пропаганда йийриг оьздангалла ю".
Цунна хетарехь, "Зульфикаран администратора" а, цуьнан жигарчу агIончаша акъийсам латтабо муьлххачу а оьзда доцчу леларца".
Карара зама хала хиларна тIе тидам бохуьйту Муслима "кхузаманан технологийн, маьрша интернет чу валаваларан, хаамийн гIирсаша бечу тIеIаткъаман а) бохуш. И дерриге а цхьана чIогIа герз ду аьлла хета Муслимна, "адаман хьекьална тIехь урхалла дан", "ткъа группан Iалашо ю, цу кепарчу леларан бехкбаккха".
Кхиболчу "Зульфикаран" агIончаша башха ловза а ца йира "Кавказ.Реалиин" корреспондент. Аслан цIе йолчо: "И хьан гIуллакх дац. И тхан, нохчийн вежарийн гIуллакх ду" аьлла, дIахьедира.
"Зульфикаран" администраторан цIе хьулйина ю. Цуьнца зIе таса тхо гIертарх а, аьтто ца белира. Тхан хаамаш а жоп доцуш битира.
Бакъду, "Кавказ.Реалиин" журналисто, группех дIакхета лаамца хаттам бахьийтича, Амагов Зелима хаттар динера цуьнга, стенна оьшу хьуна "Зульфикар" юкъаяр аьлла. "Карфагенца цхьана а агIор и паблик йозуш цахилар дIа а хоуьйтуш.
"Карфагенан" публикацеш бахьана долуш, цхьаболчу нахана тIаьхьабевлла леллийла хаьий хьуна аьлла, шега хаьттича, Амаговс жоп деллера: "ТIаккха? Хьуна хIун моьттура? Кхузахь Вася вац)) Тхоьца чекхдуьйлур дац цу кепара хIуманаш".
Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан низамаш "Нохчийчохь кехат тIехь бен лелаш дац". Ресупубликехь "шен низамаш" ду. "Хьайн цIахь дерг листа ахь" аьллера "Кавказ.Реалиин" корреспонденте Амаговс.
"Цкъа делахь, и хьан гIуллакх дац, ас кIедда дIабоху хьоьга. ШолгIа делахь, оха лоьхурш оцу зудаберийн дай-наной бу. Церан йоIан леларх дIахоуьйту оха цаьрга, цхьаъ де олу. Нохчийчохь оха могуьйтур дац телхина лелар а, гIазакхех тарбалар а", - аьлла, билгалдаьккхина Амаговс.
Тхан болчу хаамашца, "Зульфикаро" гучубохучу мехкаршлахь цхьанна а тIаьхьаваьлла ца лелла цхьа а. Бакъду, оха группехь суьрташ даржийначарна машанашкахь кхерамаш-м тийсинера.
Шен цIе йовзийта ца лиъначу Соьлжа-гIаларчу вахархочо дийцира: "Сан доттагIчуьнга яздора, иза сийсазвеш. Вай цхьанакхетийта аьллера цо оцу нахе, цкъачунна цуьнца кхи зIене ваьлла стаг а вац. "Зульфикара" шен агIон тIе оьллинера сан кхи цхьана накъостан сурт. Цо шен телефон а язъеш, бухахь комментари йитинера. Иза а дIаяйинера цара".
Артиклан автор Нерозникова Екатерина. Гочйинарг Димаева Лиза.