Хазбиев бехке во Евкуровга цабезам кхолларна

Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан талламан комитетан бехке во меттигера оппозиционер Хазбиев Мохьмад, республикан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке а, Iедалга а, суьдан системан векалшка а, ткъа иштта Iедалан а, ницкъаллин а структурашка а цабезам кхолларна

Цунах лаьцна «Медиазоне» хаам бина, Хазбиевн адвокато бакъонашларъярхойн «Агора» тобанан векло Сабинин Андрейс.

Цу кепара, оппозицин жигархочунна дуьхьал схьадиллина ду бехктакхаман кхо гIуллакх. Хьалхо цунна бехке диллинера Iедалан векалш сийсаз бар а, бакъонца доцу герз латтор а.

Керлачу бехктакхаман гIуллакхехула эшам хилла лоруш ву хIинцале а талламхоша левина Евкуров. Цунна бухехь ю Хазбиевс "ГIалгIайче" сайтана елла видеоинтревьюш.

Оппозиционер лецира кхушеран Дечкен-баттахь. Цул хьалха, Хазбиев Нохчийчохь вехаш а волуш, ГIалгIайчуьрчу кхело сацам бинера иза лаца.