Порошенкос шена санкцеш кхайкхор нийса ца хета Кадыровна

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Госдуман депутат Делимханов Адам а.

Кадыров Рамзана, Украино шена дуьхьал санкцеш кхайкхорна комментари еш, дIахьедар дина, вон деача Украинина гIо эцна йогIур ерг Iамерка а, цуьнан бертахой а бац - Оьрсийчоь ю аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 24-чу дийнахь Украинин къоман кхерамазаллин кхеташоно карладьаккхина шаьш санкцеш кхайкхийначу нехан цIерш тIехь йолу документ.

Цу тIехь ву 1748 стаг а (хьалха 1228 стаг вара), шайна юкъахь Кадыров Рамзан а, Нохчийчоьнан цIарх Госдуман депутат Делимханов Адам а волуш, 756 компани а (468).

"[Украинин президенто] Порошенкос суна дуьхьал санкцеш кхайкхийна, ткъа тхан дайша мацалла баларх кIелхьарбаьхна цу мацалло Къилбаседа Кавказе лоьхкуш болу эзарнаш украинахой", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Telegram каналехь.

Кадыровс чIагIдарехь, цо бохург Iоттабаккхам бац, амма Порошенкона дагадаийтар ду, вон деача Оьрсийчоьнан къаьмнаш бен Украинина гIо дан догIург ца хилар, Iамеркахой а, церан бертахой а ца богIуш.