ГIалгIайчоьнан Iедалша меттигера муфтият бехкейо халкъ бунтана карзахдаккха а, барт эгIон а гIортарна. Бусулба жамаIатах гIалгIайн куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек дIахадош муфтиятан сацамна дуьхьал иштта реакци ю церан.
"Динан экстремизмаца а, радикализмаца а къийсам латторехь муфтият пайден гIоьнча хир ю аьлла хетара. Шайн балха тIехь жигаралла лакхаяккхар дара муфтиятера оьшург, хIунда аьлча, цара цхьалха даха дезаш дуьсура дуккха а гIуллакхаш. Доккхачу декхъанна дуьйцург ду, кегийрхой кхетош - кхиор, мостагIалла юкъадеанчу агIонашна маслаIатца юкъахьовзар",- аьлла ду республикан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша оршотдийнахь даржийначу дIахьедарехь.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша, тахана муфтиятна тIе а хIоьттина, уьш бакъбийраш "къепе йохоран, политикан къайлахбартбаран а агIончаш бу" аьлла. Цара кхойкху бахархой провокацин кхайкхамашка ла ца дийгIаре.