Шена бойкот кхайкхийначаьрца марха даьстира Евкуровс

Ша динан жамаIатера дIавоккхуш кхайкхамбинчу муфтияте мархийн безачу баттахь бертахь хилар а доьхуш, шен хIусаме марха даста къаной а, Iеламчаш а кхайкхина кхаридийнахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчуьрчу Iеламнехан а, ярташкарчу къанойн а кхеташонехь мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек шайн динан юкъараллах дIакъастош сацам тIеэцарх. Оцу сацамо доьхкура бусулбачарна Евкуровх хьакхалучу диканехь-вонехь а дакъалаца, хуьлда иза зудаялийна я стаг велла меттиг. "Махкара динан урхалла дискриминаци кIел латторна" бинера муфтиято шен сацам.

Кхааридийнахь йоьдучу кхеташонехь бира Евкуровс динан дайшка собаре хиларе доьхуш кхайкхам. Ша динан юкъараллах дIахадош бина сацам провокаци лерира цо, "республикерчу юкъараллан-политикан хьолана цхьана а кепара тIеIаткъаме хир а боцуш", хаамбира куьйгалхочун пресс-гIуллакхоша.

Оццу дийнахь социалан машанерчу шен агIон тIе оьллира Евкуровс сарахь шен хIусамехь Iелам нахаца а, къаношца а марха достуш видео.

"Ламаст хилла дIахIоьттина хIора Рамадан баттахь махкарчу ларамечу наха марха даста шайн хIусаме со кхойкхуш. Тахана ас хазахетарца сайн кхерчахь тIеийцира динан дай, къаной, белхан накъостий, сайн доттагIий цхьана марха даста а, мовлид еша а", -яздина Евкуров Юнус-Бека шен Инстаграмехь.