Iарбойн Эмираташкахь 10 шо кхайкхийна бакъонашларъярхочунна

Итт шо хан кхайкхийна Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташа бакъонашларъярхочунна Мовсар Ахьмадна. Социалан машанашкахь критика йора цо Iедалхошна. Меттигерчу зорбанашна тIе а тевжина хаамбо цунах Associated Press агенталло. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн, Iедалхойн статус а, престиж а аьшнашъяр ду цунна бехкедиллинарг. Иштта 272 эзар доллар гIуда а хьарчийна цунах. Гергарчу Малхбалехула а, Къилба Африкехула а, Персийн аймехула а йолчу Human Rights Watch организацин декъашхо а ву Мовсар Ахьмад.

Лакхарчу даржхойн сийдайина аьлла, 2011-чу шарахь 3 шо хан тоьхнера цунна. Оццу шарахь гечдира цунна, амма дихкира пачхьалкхера аравала. Кху бIаьста Цхьанатоьхначу Штатийн Эмиратийн Iедалхошна критика йира цо адамийн бакъонаш хьешарна а, бакъонашларъярхой лецарна а бехк буьллуш. Масех кIира даьллачул тIаьхьа лецира иза. Лацале хьалха цунна тIаьхьабевлла нах бара, телефонашкахула дечу къамелашка ла а доьгIуш аьлла бакъонашларъярхоша.