Your browser doesn’t support HTML5
Долиева Маремна тIехь ницкъбар, Iазап латтор бакъ дац аьлла Нальчикерчу тIеман кхело леван хIоттийначу ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Муравьев Юрийс. Иштта лаккхарчу даржхочо дIахьедина, тIехь ницкъ бина аьлла, бехкебина, кхеле балийначу полисхойх лаьцна шен дикачу агIор бен ала цахиларх а.
"Кавказ.Реалии" портало хаамбарца, ГIалгIайчуьрчу "Э" Центрехь а, къайлахчу сервисашкахь а болх бинчу белхахошна тIехь дIахьош кхел ю Нальчикехь, уьш нах байарна а, къизаллаш лелорна а, къоланаш дарна а, харц кехаташ лелорна бехкебина.
Кхело жоьпе озийначийн агIор тешаш бу лебеш карарчу хенахь. Цаьрца цхьана болх бина накъостий хьалха уьш бехкебеш динчу тоьшаллашна тIера буьйлу хIинца, шайна дицделлера, протоколаш ца дешнера шаьш, буха куьйгашяздеш бохуш, бахьанаш а лоьхуш.
Адвокатийн лаамца веанера кхааридийнахь кхеле Муравьев. Цо даредина кхелахошка, Сунжа-кIоштарчу полисхойн декъехь, Долиеван цIийнда веллий цунна хаале хьалха цуьнга хеттарш дан воллучу шега, шен цIийнда а, ша а лаьцначу полисхошка цхьана а кепара претензеш яц шен аьллера цо аларх.
Иштта суьдхоша кегийна, зуда ялийначохь герзаш кхийсарна бехкевинчу Аушев Мохьмадан гергарнаш а. Теш волчу Аушев Мохьмадан машенчуьра диттина ду герзаш. Иштта цо мукIарло дина, шена ток еттийтина хиларх, ницкъбарх, буйна тапча а йоьллина, "хIинца хьо баккъал а чувуллур ву" бохуш, кхерамаш тийсарх а.
Шена а, шен доьзална а цара цхьаъ дарна кхоьруш, деша а ца доьшуш, цара схьакхийдочу кехаташна куьйгяздан декхарийлахь хилла иза. Цу документашна тIехь яздина хилла, автомат Мохьмада йиттина аьлла.
Кхеле веанчу Мохьмадан хьаькамо Мартазанов Мохьмада, ша волчахь ха деш хилла Аушев дика кIант вара, молуш-узуш воцуш, спортаца уьйр йолуш вара аьлла.
Мартазановс бахарехь, кхелан хIусамчуьра дIа Аушев дарбан цIийне кхачийча, цунна тIаьхьа вахначу цуьнга дийцина цо, шена ток еттарх а, ша Iазапехь валлорах а.
Цо иштта даредина, прокуратуре а, талламан дакъошка а АушевгIара аьрзанш дина хиларх, амма цаьргара цхьана а кепара терго хилла цахиларх а.
Аушевн гергарчарна кхерамаш туьйсура, чуделла аьрзнаш схьаэца бохуш. Шегахула оцу доьзална тIеIаткъамбан а гIиртира аьлла Мартазановс.
"Фамили ца хаьа суна цуьнан, Руслан цIе йолу цхьа накъост веара со волчу. КхолгIа иза веача, ас эккхийра", - йоьдучу кхелехь тешо аьлла дешнаш даладо "Кавказан узел" агенталло.
Назаров Амиле шен петар елла, тешийн агIор волчу Падиев Бекхане а хеттарш дира кхелехь. Ницкъахоша цуьнан машен ядош гина ву иза.
Полицин декъера юхавеача кхерамашкахь вара Назаров аьлла Падиевс. Цуьнан коьрта тIехь цIийн таммагIаш а, шеддаш а дара. Петаран долахочо вигинера иза дарбан цIийне, цигахь лоьраша дарба дина а хиллера цунна.
Юьхьанца полисхочун Аспиев Iийсан кертахь а латтийна, тIахьа кхечу меттиге дIайигинера Назаровн машен.
Бехкевечу Хамхоев Тимуран гергарчо, экстремизмна дуьхьало латточу Центран белхахочо Хамхоев Романа а хьалхо ша аьллачунна керстдира. Назаровн машен Аспиевн кертара дIайига аьлла, шена тIедиллинарг бехкевен Хамхоев вара аьлла цо. Назаровна тIехь гIело латтийна хиларх а цунна хууш ца хилла, бахарехь.
Лецначийн адвокато Ибриева Хедас "Кавказ.Реалиига" хаамбарехь, кхелахоша гIуллакх листар сацийна карарчу беттан 20-чу дийне кхаччалц.
"Керла оцу гIуллакхна юкъабаьхкинчу адвокатийн материлаш юха йовза а, зен а дезар ду", - аьлла цо.
Иштта Ибриевас хаийтина, кхело процесс юхайолаяле, Къилбаседа Кавказан тIеман суьдхоша луьстур ду бехкебечара шайна кхелахоша бинчу бехкамашна дуьхьал чуделла аьрзнаш, аьлла.