Дагестанхой бу Кадыровга орца доьхуш
Your browser doesn’t support HTML5
Дагестанан Iедалхоша ХIинжа-ГIалахь 300 цIа низамаш талхош дина ду аьлла. Царех ах хIусамаш дIахьакха сацам бина цара. Оцу гIишлошчохь шерашкахь бехачу наха шаьш къиза эцначу хIусамашчуьра арадевлла даха меттиг йолуш дац шаьш аьлла. Iедална ца хеза церан аьзнаш. Таро йоьхначу наха Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане гIо доьху.