Your browser doesn’t support HTML5
Кху шарахь школа чекхъяьккхина дешархой дахначу оршотдийнахь историн, химин экзаменаш дIалуш бара. Дагестанехь 7 эзар беро къастийна и дисциплинаш. Химикел а жимма алсам бара историкаш (3 536). Карарчу беттан 1-чу дийнахь математикан экзамен дIаелларш 5 эзар гергга стаг вара.
Мехкан дешаран, Iилманан министралло дIахьедарца, республикехь ЕГЭ дIалуш ду дерриг а 12 эзар бер.
ЕГЭ а, ОГЭ а (9 класс чекхъяьккхинчара лург) дIаялийта видеокамерш, металл лоьху гIирсаш хIиттош, билгалъяьккхина 68 меттиг. Экзаменашна тIехь Iуналла латтош ву 5 эзар стаг.
2001-чу шарахь ЕГЭ юкъаяьккхичхьана цунна гонах долу дийцарш тийна дац. Масала, Дагестанан дешаран, Iилманан министралло шайн сайте хIоттийначу хаттамца а догIуш, 349 стагах 192-ммо шайна цкъа а ца езна боху ЕГЭ.
Экзамен йоьдучу заманчохь 261 стагах 50-мма бинчу тергамца, "аудитори чохь аьтто бара мобилан телефонаш лело".
Кхин а 14 бахарехь, "шпаргалкаш лело а яра таро".
Ткъа 67-ммо дIахьедарца, "дешархошна бан а беш чукхоьхьура белхаш".
Шайн доьзалш экзаменера арабовлале хьоьжу ХIинжа-ГIалара цхьаболу дай-наной оьгIазе бара. ЕГЭ-хь тIехьожучара церан бераш шаьш дешначу "школан территори тIера арадаьхна ца Iаш", царна психолоин тIеIаткъам а цхьана бо, дийцина цара "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь.
"Со-м кхета, цаьрца шога хила веза, - дуьйцу, шен вешин йоIана сагатдинчу гIаларчу психолога Лианас. - Амма оццул ницкъ муха бийр бу? Шайн гIуллакхе бахча а ца буьтуш, царна тIаьхьа хьаштагIа а ихина-кх уьш. ЛартIахь хIума дуй и, хIан?"
Шен кIанте мачийн чимчаргIаш шегга дIа ца доьхкуьйтуш, оцу экзаменашкахь тергамчаш болчара дихкина хиллер-кх аьлла, дийцина кхечу нанас.
Цо бахарехь, цкъацкъа божаберашка когара пазаташ дIайохуьйту. Амма цхьабакъду, боху цо, ахча делларг чекх-м вер ву, цуьнан цхьа а шеко яц.
Дагестанан цхьана кIоштара ХIинжа-ГIала веанчу Iумара дийцира, ЕГЭ йоьдучу хенахь шайн школехь ток дIайоккхуш ламаст хиларх. Иштта, кийча белхаш тIехь болу бланкаш чу-ара кхоьхьучунна дала ахчанаш вовшахдеттарх а даредира цо.
"Юьхь-юхьанца хIуманаш лелор дезаш яц со, - элира цхьана йоьIан нанас "Кавказ.Реалиин" корреспонденте. – Нагахь гIуллакх дийцина дуй, милла а чекхвер ву. Цундела я Васильевс а, я Путина а, я цхьаммо а Дагестанехь нисдан хIума дац".
Путин Владимирх аьлча Раисат цIе йолчу зудчо дагалецира Оьрсийчоьнан премьер: "Суна хезна, школехь кIезиг баллаш йохуш язйина бахара Медведевс сочинени, ткъа тахана нехан бераш хьийзадо цо. Лакхарчу доьшийлашка кхаанаш даьхнарш ма эца аьлла Медведевс, цуьнга ала лаьара суна: тIаккха ахь хIунда до тхуна тIехь урхалла? Нийса ма дац и".
ЕГЭ дIалучу йоьIан нана ПатIимат юкъайолу къамелна: "Путинан харжамаш дIахьочу хенахь хIунда бацара и талламаш? ХIетахь хIунда ца хьуьйсура туалет чохь? Цхьана стага машен чу а хиина бюллетенешна куьйгашяздечу заманчохь хIунда ца бира машенах таллам? ХIинца стенна беш бу тхан берийн психикана тIеIаткъам? "
Оцу хьолехь берашна школе психологаш кхайкха безара аьлла хета дешархойн наношна.
ХIинжа-ГIаларчу лоьмар 56 йолчу школехь экзаменаш дIалучу шина дешархочунна вон хиллера, лоьраш тIе а балош.
"Кавказ.Реалии" портало Дагестанан дешаран, Iилманан министралле телефон тоьхча, берийн а, церан дай-нанойн а психологина тIехь болх бан шаьш оцу дешархочо 9 класс яьккхина, экзаменаш лучу муьрехь дуьйлало элира.
Берийн дайша-наноша шаьш еш хила тарло цуьнах IалагIож, царех а кхета мегар ду аьлла, тIе а тухуш.
Экзаменаш дIалучу хенахь дайша-наноша буьйцу бехкамаш, Дагестанан дешаран урхаллан говзанчаша бахарехь, Оьрсийчоьнан дешаран, Iилманан министралло арахецначу низамашкахь тIечIагIбина бу.
Дуьйцург ду, бераш металл лоьхучу гIирсах чекхдахар, дешархо хьаштагIа а цхьана улло тергамча а ваьккхина вахийтар, мобилан телефонаш лело ца магор.
Экзамен йоьдучу хенахь ток дIаяккхарх дерг хаьттича, министраллан векало дIахьедира, иштта ситуаци хIоттахь, хIора ЕГЭ дIалучу пунктехь дIахIиттийна генераторш ю шайн аьлла.
Делахь а, "Кавказ.Реалиин" информацица, республикерчу ницкъаллийн структурийн белхахоша талламаш беш бу, экзаменашкахь къепе йохийна аьлла, яьржинчу информацин.
Ариклан авто Гаджиева Зульфия, гочйинарг Димаева Лиза