Путин 2024-чу шарахь юха а президент висийта лууш бу ах сов бахархой

Архивера сурт.

Левада-центро шен талламан юкъаозийна ах сов Оьрсийчуьра бахархой бу 2024-чу шарахь хан чекхяьлча Путин Владимир юха а президент хила лууш. Цунах лаьцна яздо "Ведомости" газето.

27% респонденташ дуьхьал бу кхин дIа а Путин президент висарна.

Стохка 63% Оьрсийчура бахархой бара 2018-чу шарахь, хан чекхяьлча а, Путин Владимир юха а президент хилийта лууш. И терахь оццул доккха хилла дацара 2012-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна.

Диъ шо хьалха Путин 2018-чу шарахь а президент хила лууш бара 34% бахархой.