Венехь полисхой зудчух латар толлуш ду

Венерчу полисхошна тIе бехкаш дехкина нохчийн мухIажиро Элизас, доьзалхочух йолчу шена кхерамаш а туьйсуш, пIелг а кагбеш, харцонаш лелорна. PULS 4 News гIирсе дийцина зудчо ма-дарра хиллачух. Ткъа полисхоша чIагIонаш йо, и жима зуда шайна тIелеттера бохуш. И гIуллакх толлуш, белхаш бу дIахьош карарачу заманчохь.

Кху беттан 21-чу дйинахь "Кавказ.Реалии" порталан хаамашна тIе а тевжаш, Маршо Радионо Iорадаьккхира, депортаци ян оьшу нах лоьхуш 25 шо долчу доьзалхочух йолчу Элизин хIусамчу полисхой лелхарх. Iедалана векалша лоьхуш хиллера Оьрсийчу дIахьовса кечдина йоьIан да-нана.

Жимчу зудчун цIийнах хьовсучу хенахь полисхоша дуьхьало йинера Элизина адвокатца а, шен гергарчу нахаца а зIене яла. Зудчо бахарехь, цхьахволчу ницкъахочо куьйг лаьцна, пена тIе ластийнера иза, цуьнан пIелг а кагбеш.

Венерчу дарбан хIусаме кхачийначу зудчун дегIа тIехь карийнера дуккха а гематомаш. Цунна хилла стресс бахьана долуш хенал хьалха доьзалхо дуьненчу ваьлла цуьнан.