Росгвардин куьйгалхочунна тIехIоьттина Кадыров

Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор

Оппозиционерах Навальный Алексейх "мутте отбивная" йийр ю ша аьллачу Росгвардин куьйгалхочунна Золотов Викторна тIехIоьттина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Цунна хетарехь, "шен а, ша урхалла дечу Росгвардин эскархойн а, пачхьалкхан а сий динчу Золотовс яхьйоцчуьнга бехккховдор нийса ду". Кадыров тешна ву, Росгвардин куьйгалхо – "Бакъволу къонах ву", ткъа цуьнан оппонент – "чагIалкх" ю аьлла.

Ишта Кадыров шеконашкахь ву, Навальный Золотовца къовсалур ву аьлла. "Даим а санна, ша Iехочу кхиазхойн а, дозанал а арахьарчу шен спонсорийн а букъатIехьа лечкъар ву иза", - аьлла Кадыровс.

Маршо Радионо шинаридийнахь хааме баьккхира, Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора Навальный Алексейга бина видеокхайкхам.

Оппозиционеро урхалла дечу коррупцица къийсам латточу фондо талламбинчул тIаьхьа зорбане яьхнера Росгвардино эскархошна продукци эцарехь лелийна хьарамлонаш.

Ткъа ша Навальный 30 денна чувоьллина, хан токхуш ву. Кху шеран Дечкен-баттахь митинг дIаяхьаран къепе йохийна аьлла, бехкевинера иза.