Меттигерчу кхаа вахархочунна дуьхьал бекхзуламан гIуллакх айдина ГIалгIайчоьнан прокуратурано. Республикехь вевзачу салафитийн имамна Чумаков Хьамзатна вен Iалашонца кIелоярна бехкебо уьш.
Прокуратуран сайто къайлаяьхьна шеконашца лаьцначийн цIераш а, цара тIелатар динчун цIе а, делахь а социалан машанашкахь "вевзаш волу махкара Iеламча" аьлла вуьйцург Несар-Кортара маьждиган имам Чумаков Хьамзат ву.
Талламчийн версица, 2017-чу шарахь республикехь вевзаш волу Iеламча вен Iалашо лаьцна хилла лецначара, шаьш лелочу динца боцу хьежамашца кхайкхамаш цо баржорна.
ПIераскан Рузба дечу дийнахь, Несарерчу маьждигна уллохь эккхийтар дина, иза вен сацамбинера цара, амма аьтто ца баьллера. Стохка гурахь ФСБ-н белхахоша дIалецнера зуламхой.
Масийттазза тIелатарш дина Чумаковна. Несар-Кортарчу имаман галморзахаллаш ю суфистийн муфтийца Хамхоев Iийсаца.