Мюнхен: Авторхановн де

Your browser doesn’t support HTML5

Авторханов Iабдурахьман, политик, Сталинан а, Брежневн а, Ельцинан а Iедалшкара юйьлу харцонаш Iорадахарца гоьваьлла хилла историк, публицист, вина 110 шо кхачарна лерина дуьненаюкъара конференци дIаяьхьна Германерчу Мюнхенехь. Барамна коьртехь вара Нохчийн Республикан Ичкерин министрийн кабинетан куьйгалхо Закаев Ахьмад а, Европерчу вайнехан диаспорийн лидерш а, дозанал арахьа беха нохчийн историкаш а, политикаш а. Конференцехь дакъалецира Прибалтикерчу а, Iамеркарчу а, Британерчу а, Туркойчуьрчу а хьешаша. Авторханов дагалецира цуьнца болхбиначара а, Мюнхенерчу "Оьрсийн институтехь" цуьнан студенташлахь леллачара а. Конфоеренци лаьттира Лахьан-беттан 10-11-чу деношкахь.