Титиев Оюбан пхьор. Соьлж-ГIаларчу кхелан де

Your browser doesn’t support HTML5

Оршоьтадийнахь шен болх юха а дIаболийна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун дов луьстучу кхело. Карарчу шеран юьххьехь лецира Титиев, наркотикаш лелорна бехке а вина. Наркотикаш полицино кхийсина шен машен чу, чIагIдо Титиевс. 2009-чу шарахь Эстемирова Наташа йийча хIоьттира иза "Мемориалан" декъан коьрте. Европан Парламентан ассамблеян Гавел Вацлаван преми елла цунна кхушеран гурахь. Оцу хиламца Титиев декъалван еъна кхеле бакъоларъярхо Ганнушкина Светлана. Родкевич Зосин видео.