Your browser doesn’t support HTML5
Францин Страсбургехь Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна 2002-2004 шерашкахь салташа дIабигинчул тIаьхьа лар йоцуш байначу нехан гергарчарна 1 миллион 200 эзар гергга евро далар. Болчу хаамца, верриг а цу гIуллакхехь хьехош ву Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 17 вахархо.
"Яндаева а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" цIе йолчу цу гIуллакхан юкъахь бу 10 латкъам. Лар йоцуш вайна ву Яндаев Турпал-Iела, Хамаев СаьIид-Iела, Сайнароев Султан, Магомадов Iусман, Мугадиев Iалаш, Тутаев Расул, Кончиев Асхьаб, Межиев Юсуп, Ахильгов Лом-Iела, Зибухаров Iийса, Зибухаров Руслан, Цураев Аслан, Ибрагимов Ча-Борз, Альтамиров Шарпуди, ДишнаевгIар Iабдул-Малик а, Iабдул а, Ахмадов Тимерлан.
Царах шинан гергарчеран цIарх Страсбургерчу кхелан кхеташонехь дакъалоцуш бара "Мемориал" бакъонаш ларйон центран юристаш. И шиъ ву 77 шо хилла ГIалгIайчуьра мазлагӀча Сайнароев Султан а, Нохчийчуьра 45 шаре ваьлла хилла Соьлж-ГIаларчу социалан центран куьйгалхо хилла Магомадов Iусман а.
Сайнароев вехаш хилла Галашкехь. 2002-чу шарахь ГIадужу-беттан 22-чохь иза шен накхаршка хьажа вахана хилла, юьртана 7 чакхарма гергахь долчу. Жимма цигахь бIаьрг тухуш а Iийна, луларчу накхармозийн яьшканаш лаьттачу шен бевзарш ОздоевгIар болчехь а Iийна, говрахь цIаваха дагахь новкъаваьлла воккха стаг.
Оццу хенахь ОздоевгIар болчу веана хилла 15 Оьрсийчоьнан салти. Цаьрга мила вара говрахь дIавахнарг аьлла хатта а хаьттина, Сайнароевна тIаьхьакхиъна иза дIавигина цара. Амма оцу юкъана воккха стаг кхиъна ОздоевгIаьрга ша лаьцна Аьршта дIавуьгуш хиларх лаьцна хаам бан. Цул тIаьхьа и стаг кхин гина вац. Сайнароевн кIант Мохьмад оцу хенахь дуьйна араваьлла лелла шен да лоьхуш.
2002-чу шарахь Лахьанан-баттахь Соьлжан кIоштан прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийра Сайнароев лачкъор хьокъехь. Амма 4 шо даьлча иза таллар сацийра, зулам динарш каро аьтто ца баьлла аьлла. 2007-чу шарахь ГIуран-баттахь Сайнароевн гергарчара лакткъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле.
СайнароевгIера цIарх, цкъа дуьххьара Оьрсийчохь, юха Страсбургерчу кхелехь векал хиллачу "Мемориалан" юристо Гандаров Iийсас дийцарехь, ГIалгIайчохь маьрша адамаш лечкъор доладелира 2002-чу шарахь, ткъа Сайнароев Султан лар йоцуш вар юьхьанцара хиллачех дара.
Цул тIаьхьа даьллачу масийтта шарахь цу кепара республикехь тIепаза вайна 150 сов стаг, боху Гандаровс.
Нохчийчуьра вахархо Магомадов Iусман вайна 2002-чу шарахь Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь, Мескер-Эвлан йистехь лаьттачу блокпостехь лаьттачу эскархоша лаьцначул тIаьхьа.
Оццу шарахь Устрада-гIаларчу прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийра и стаг лохуш. Амма "Мемориало" дийцарехь, талламхошна ца карийра зуламхой. Ткъа 2008-чу шарахь Мангалан-баттахь Магомадовн гергарчара латкъам бира Страсбургерчу кхеле.
"Яндаева а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула кхин а 6 латкъам кечбина Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле "Правовая инициатива" проекто. Межиев Юсуп 2002-чу шарахь Соьлж-ГIаларчу постехь лаьцначул тIьхьа вайна ву. ДишнаевгIар Iабдул-Малик а, Iабдул а оьрсийн салташа дIавигинера цIера Зазадоккху-баттахь 2003-чу шарахь.
Элистанжара Яндаев Турпал-Iела а, Хамаев СаьIид-Iела а лаьцна цу эвлана гергахь лаьттачу блокпостехь Мангалан-баттахь 2003-чу шарахь. Цул тIаьхьа карош вац и шиъ. Иштта Нохчийчуьрчу гIаланашкахь а, ярташкахь а паспорташ толлуш лелачу эскархоша дIабигинчул тIаьхьа байна нах а бу цу гIуллакхехула.
Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело бина сацам ницкъ болуш хир бу 2019-чу шеран Зазадоккху-беттан 4-хь дуьйна.