Абдурахманов Тумсона орцахбевлла Европера нохчий
Your browser doesn’t support HTML5
Парижерчу а, Европан кхечу гIаланашкара баьхкинчу а нохчаша протестан гулам хIоттийра пIераскана Францерчу Польшин векалтна хьалха. Гуламхоша дийхира Варшаверчу Iедале Полшехь вехачу нохчочунна, Кадыровн режиман критикна Абдурахманов Тумсона политикан тховкIело ялар. Гуламхой тешна бу Абдурахмановс Оьрсийчоьнан низам талхийна дацарх а, иза цига юхахьажавахь, дийна вуьтур вацарх а.