Имам Шамилан накъост хиллачу Хьаж-Мурдан туьта дIалур ю Дагестане. Цунах лаьцна хиъна Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчо Толстой Владимира Пачхьалкхан Думерчу "Справедливая Россия" партин фракцин куьйгалхочуьнга Миронов Сергейга яздина кехат зорбане даьллачул тIаьхьа. Цу кехатан копи яьржина социалан машанашкахь.
19-чу бIешарахь ваьхна Хьаж-Мурд уггаре вевзачех Шемилан наиб хилла ву. Кавказан олу тIом боьдуш, имамца дов а даьлла, Оьрсийчоьнан паччахьан эскарехьа ваьлла иза.
Хьаьж-Мурд вийна 1852 шарахь. Цуьнан корта, схьа а баьккхина, дIабаьхьна Петарбухе. Наибан туьта латтийна ТIеман-медицинан музейхь 1959 шаре кхаччалц. Цул тIаьхьа иза дIаелла Кунсткамере.
Хьаж-Мурдан дакъа дIадоьллина ду Азербайджанан территори тIехь.