Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира, "Новое дело" газетана интервью луш, дIахьедар дира, меттигерчу вахархочуьнан Гасангусейнов МуртазIелин ши кIант вер "бохаме гIалат" дара аьлла.
"Ишттаниг хуьлуш хуьлу. Со хьалха милицехь болх бина ву. Кхето гIуртур ву со. Ойла елла аш: КТО ю дIайоьдуш, буьйса, ломара чубуьссуш нах бу. Цхьаьнна собар ца тоьъна, иза герз детта волавелла", - аьлла Васильевс.
Дагестанан куьйгалхо тешна ву, хаа а хууш, адамаш ца дайина бохучух. "ХIунда аьлча, царна (куьгбехкечарна) уьш бевзаш ца хилла, цхьа а цабезам цахилар а дац цигахь", - боху цо.
Васильевс дийцарехь, бохаме ларамазалла а хилла, кхелхина бераш. -"Царна герз диттина болу ницкъаллин структурийн белхахой а бераш хилла",- билгалдоккху цо.
"Уьш муьлш бу? Уьш а ду-кх бераш, вуно халчу хьелашка нисделла долу", - жамI дина хиллачуьнан республикан хьалханчо.
Васильевс ша тешна ву боху, ницкъаллин структурийн белхахошна уьш жаIуй хилар хууш ца хилла бохучух.
Амма цхьа шо Васильевца цхьаьнакхета гIерташ даьккхинчу Гасангусейновна шен ши кIант вер ларамаза хилла ду аьлла ца хета. Кавказ.Реалиина интервью луш, цо дийцира шена хетарг бух болуш хIунда ду.
"Уьш(полицин белхахой) маьждигна чохь болуш Iуьйранна ламазе ара ца бовлар а ларамаза дара? Эвларчу инспекторо Гамзатов Шамила сан кIентий юьрта маца богIур бу бохуш, хеттар а ларамаза нисделла ду?" – цецвуьйлуш хоьтту цо.
Гасангусейновс дийцарехь, Гамзатовс коьртачу жаIучуьнга аьлла хилла ша лома воьдуш ву уьстагI эца аьлла. Вукхо жоп делла, ша а воцуш, цунна цхьаммо а уьстагI бухкур бац аьлла.
ТIаккха полисхочо аьлла, делахь лома жимма волавала гIур ву ша аьлла. Амма инспектор, уьстагIий дажочу нахана тIе ца воьдуш, бежнаш дажочу Гасангусейновн ши кIант волчу агIор вахана.
Гасангусейновс билгалдаккхарехь, полисхочо динна де даьккхина цуьнан шина кIантаца. Цо цу шинга хаьттина цIа маца ваха дагахь ву и шиъ аьлла.
"Нагахь хилларг ларамаза хилла далахь, шен ши кIант вийначул тIаьхьа 6 баттахь балха ца вогIуш хIунда Iийна инспектор Гамзатов", - хоьтту Гасангусейновс.
ШИ ваша ГасангусейновгIар 17 шо долу Наби а, 19 шо долу Гасангусейн а вийра 2016-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Дагестанерчу Гоор-Хиндах эвлана гергахь.
Ницкъаллин структурийн векалша чIагIдора, шаьш байинарш тIемалой бу бохуш. Амма ГасангусейновгIеран гергарчара а, лулахоша а оццу хенахь гайтира Iедалша дIакхайкхийна верси цхьа а бух боцуш хилар. Вийначу шина кхиазхочунна дуьхьал долийначу бехктакхаман гIуллакхехь цхьаьна ца догIу хIуманаш хилар гайтира гергарчара.
Иштта, шина вешин цхьаннан дегIа тIехь 8-9 дендарг кхетта меттиг хилла, шолгIачуьнан дегIа тIехь хилла дендаргийн 10 сов чов. Цуьнца цхьаьна цу шина кIантана тIедоьхначу тIеман барзакъна тIехь герз тоьхна цхьацца билгало бен ца хилла.
Эххаре а прокуратура къера хилира байинарш цхьа а юкъаметтигаш лелийна ца хиларна тIеман тобанашца. Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а вер хьокъехь бехктакхаман гIуллакх доладайта аьтто белира цхьа шо даьллачул тIаьхьа. Амма хIинца а цхьа а стаг вац и зулам дарна бехке хила мега аьлла билгалваьккхина.
2018-чу шарахь ГIадужу-баттахь ХIинжа-ГIаларчу бахархоша шайн лаамехь митинг дIаяьхьира, вийначу шина кIентан дена-нанна тIехIиттина. Цул тIаьхьа таллам бар шен караийцира Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьртачу урхалло. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхалло тIе ца дуьту шайн белхахоша и зулам дина бохург.