Шевченко Максиме Тумсоца къинхетаме хилар дехна нохчийн министро

\

Инстаграмерчу эфирехь дискусси хилла политологан Шевченко Максиман а, Нохчийчуьрчу зорбан министран Умаров Джамбулатан а. Къамел долош Умаровс хьахийна хилла, де хьалха Шевченкоца дебаташ дIаяьхьна блогер Абдурахманов Тумсо. Министран блогере тIех сов интерес хилар ца тайна хилла журналистна.

"Тумсон гергара стаг санна со гайта ца лаьа суна: школе а веана, цуьнан хьехархоша цунна дечу аьрзнашка ладоьгIуш санна", - аьлла Шевченкос. Блогерца кIоршаме воцуш, къинхетаме хилар дехна Умаровс Шевченко Максиме.

Ишта политолога билгалдаьккхина, шена Абдурахманов радикал хеташ ца хилар а.

"Цо критика йо Кадыровна а, республикерчу Iедална а, амма радикалан хьежамаш суна ца гира цуьнца", - аьлла журналисто.

Ишта Шевченкос тешийна, видеоблогерца зIене вала лаам шен бара аьлла.