Каримов: Титиевн гIуллакхехь политика яц

Кхелахоша диъ шо хан кхачийначу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан кхелан процессна юкъагIоьртина дац шаьш цхьана а кепара аьлла, хаамбина Нохчийчоьнан Iедалхоша. РБК агенталле бина и хаам мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iаьлвис.

"ЮкъагIортар хилла дац, ткъа малхбузерчу а, цхьаццайолчу Оьрсийчуьрчу организацеша а психологин тIеIаткъам бора", - аьлла Каримовс. Цунна хетарехь, Титиевс бинчу бакъонашларъяран белхах хьакхалуш яц кхелан процесс.

"Оцу гIуллакхехь политика яц, бехкзуламан процесс ю", - боху пресс-секретаро.

Нохчийчуьрчу кхело диъ шо хан кхайкхийна Титиев Аюбна. Иза бехкево наркотикаш лелийна аьлла. МукIарло ца до Титиевс. Наркотикаш шена полисхоша кхийсина ю аьлла цо.