Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьра вахархо лецира Украинерчу Харков областан Лозовски кIоштахь криминалан полицино. Мичахь ву а къастийна, лаьцна Оьрсийчохь 5 стаг верна бехке лоруш волу 32 шо долу Нохчийчохь вина стаг, хаам бира цу пачхьалкхан къоман полицино шен сайтана тIехь.
Хууш ду цу стагана бехке дуьллург 2008-чу шарахь Соьлжан кIоштарчу Первомайская станицехь оьрсийн доьзал бер хилар. Дуьйцург хила мегаш ду 2009-гIа шо. "Мемориало" бинчу хамца, цу шарахь Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь Молодежная урамерчу 41 хIусамехь бийнера КалиниченкогIер доьзал.
Муьлш бу ца хуучу наха вийнера 5 стаг. Царна юкъахь яра 1940-чу шарахь йина хIусамнана а, цуьнан кIант Алексей а (1973), Алексейн зуда а, нуц Дмитрий а, кхин а цхьа хьаша а. Царна герз диттинера, гарехь, гIовгIа йойъу коьчалла тIехь долу. Лулахошна ца хезнера герз долуш. Дийна дисинера кхо шо кхачаза долу Алексейн ши бер.
Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша яздора и нах байаран бахьана церах цхьанна вевзина хилар дара Соьлж-ГIалахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хьалха иккхина волчу Чагиев Бесланца видео тIехь волу тIемало. Калиниченкона вевзинера иза, ткъа Iедалша и стаг сихха лехамашка веллера.
Соьлжан кIоштарчу талламан комитетан версица оьрсий байинера республикера хьал чолхечу даккха.
Харковн кIоштахь нохчийн жима стаг дIалацар билггала муха хилла хууш дац. Дуьйцуш ду иза 40 денна лаьцна хилар. Интерполо иза лаха волийна хилла кхушара Чиллан-беттахь. И стаг мила ву хиира нохчийн гIо-накъосталлан фондана. Цуьнан белхахошна хетарехь, Оьрсийчоьне дIалахь лаьцнарг вен мегаш ву.
Вуьйцург ву Нохчийчуьрчу Бумматахь вина а, ваьхна а волу 33 шо долу Илаев Амхьад. Цуьнан вашас дийцарехь, и шиъ Оьрсийчуьра дIаваханера хьехош долу зулам дале 9 бутт хьалха.
Махкара вадаран бахьана дийцара цу шиммо, Нохчийчохь Iедалша шайн кхо ваша лацар. Илаев АхIдан а, Iаьлви а лаьцнера 2008-чу шеран Лахьанан-баттахь. Ткъа кхоалгIа ваша Заур лецира оццу шарахь ГIура-баттахь.
ТIахьо и кхо стаг къиза вийначул тIаьхьа гергарчаьрга дIавеллера. Вежарий байинчул тIьахьа махкахваьлла хиллера ИлаевгIеран висина ши ваша.
Харковерчу бакъонашларъярхойн тобанан координаторо Захаров Бориса дуьйцу, Илаевца доьзна хьал цу тайпачу кхечерах къаьсташ ца хиларх лаьцна. Украинин ницкъаллин структурийн декъашхой Оьрсийчуьрчу ницкъаллин структурех тешар дац иза боху цо. Украинахой сихха шайн кочара дIабаха гIерташ хуьлу адамаш дайарна лехаме белла нах.
Делахь а таллам хир бу. Коьртаниг къастор ду Оьрсийчохь цу стагана кхерам бу-бац бохург. Дукха хан йоцуш Шемахь тIом бина аьлла лоьхуш волу Тумгоев Тимур Оьрсийчу дIавеллачул тIаьхьа ларлуш ду Украинин Iедалш.