"Ас дуккха диканаш дина пачхьалкханна, ткъа цо суна - хIумма а"
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьрчу бахархошна ца карабо белхаш, ткъа цхьаболучарна шайна а ца лаьа Iедална болх бан. Официалехь дIаязбалаза белхаш бечийн процент уггаре дукха ю Нохчийчохь. Росстато (пачхьалкхан статистикан урхалло) гойту махкахь къинхьегамхойх 64% Iедална болх беш бацар.