Немцойн "Шпигель" газето яздарехь, Германерчу нохчийн тобанаша шайн караэцна цу махкара ерриг а криминалан сфераш. Цунна комментарий еш Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбан секретаро Каримов Iаьлвис дIахьедар дина, и хаамаш цхьа а бух боцуш бу аьлла.
Германин ницкъаллин структурийн белхахоша цхьана шарахь тидамехь латтийна нохчийн мафи, яздо газето. Гучудаьллачо гIайгIане дахийтина мехкан Iедалш. Уьш, массо а криминалан сферашкахь, шайна юкъахь наркотикаш йохкар а, адамашна талораш дар а, нуьцкъала ахча даккхар а долуш, коьртера бу бохучо.
Каримовс билгалдоккху, нохчий и зуламаш дарна я чубоьхкина, я махках баьхна цхьа а меттиг еана ца хилар. Цунна хетарехь, нагахь нохчашца проблема баккъалла а хиллехь, Германин векалша Соьлж-ГIалаца зIене бевр бара.
Цу хьокъехь цхьа а дехар кхаьчна кхаьчна дац шайга боху Каримовс.