Your browser doesn’t support HTML5
ХIирийн кегийрхой ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь болчу Маьтлоама (Столовая гора) баха дагахь хилар бахьана хIоьттина социалан машанашкахь къаьмнашна юкъара дов эккхаран. Цхьаболчу юкъараллан жигархошна бахьана карийна цу хьокъехь территорин къийсам боло.
"Лаьттаца йоьзна муьлхха а тема вуно ира тIеоьцуш ю"
Маьтлоама туристаш сих-сиха боьлху. Иза дIоггара хала маршрут яц. Иза дан цхьа кIеззиг а бен альпинистийн гIирс ца оьшу. Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалехь туризмехула йолчу комитето кхайкхийнера Мангалан-беттан 8,9-чу а деношкахь, буьйса а йоккхуш, цу ломан бохье довлуш ду шаьш, лаам берг шайх схьакхета мегар ду аьлла. Цо реза ца хиларан тулгIе гIаттийна гIалгIашна юкъахь. Цуьнан бахьана ду Маьтлоам хьенан территори тIехь бу бохург билгалдаьккхина цахилар.
ХIиришна и лам шайн хета, ткъа гIалгIаша иза шай лору. Кадастран картанашна тIехь яздинчунна ши а агIо реза яц. Шина республикан векалша хIораммо а шайн агIор туьду и хаамаш.
"Оцу идейна оццул дуьхьал хIунда бу гIалгIайн кегийрхой? – дуьйцу Кавказ.Реалиига "Даймохк" къоман а, культуран а юкъараллан куьйгалхочо Дарбазанов Альберта. – Хаамехь аьлла дара, Столовая лам ХIирийчоьнан исбаьхьа меттиг ю, цуьнан визитан карта ду. Ткъа дукха хан йоццуш ГIалгIайчохь территорица доьзна дов иккхина хиларна, лаьттаца йоьзна муьлхха а тема вуно ира тIеоьцуш ю. Ас хьехар дийр дара и мероприяти цхьаьнатохаран а, машрабаран ярехьа, цхьаьнакхетта цхьаьна цу лома а бевлла.
ГIалгIаша тидам тIебохуьйту цу ломаца дуккха а шайн шира деланийн килсаш хиларна, масала, Мят-Сели олучу латталелоран а, ялта хьекъаран а делан цIа.
"ХIирийн Iедалша долийнарг ГIалгIайчохь тIеоьцуш ду и лам цара шайн дола баккха гIертар санна. Цо хIинцале а гIаттийна эргӀадаллан тулгIе. Кегийрхоша кхайкхамаш бо царна дуьхьал, оццу дийнахь ломан бохье довла деза вай, байракхаш эцна богIу хIирий гIалгIайн ширачу кхерча ца бита, бохуш", - хаам бо "Главком РИ" Telegram-канало.
Собаре хилар доьху
Хин долчу лома бахарх лаьцна официалан кепара комментареш ца йо ХIирийчоьнан Iедалша. Къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу министраллера хьастано дийцира Кавказ.Реалиига, и мероприяти яр шайн Iуналлехь латтош ду шаьш, ГIалгIайчуьрчу векалшца цхьаьна цхьацца варийанташ кечйеш, масала, шина тобан – гIалгIайн а, хIирий а – цхьаьна лома яхар вовшахтохар саннарш.
"И акци цхьа а политикан чулацам болуш яцара дуьххьардуьйна, цуьнан Iалашо туризм шоръяр яра, - элира хьастано. – Тхо иза нахана юкъахь яржо гIерташ дара. Оха кховдийнарг реза хиларца тIеэцна кхечу республикаша а. Карарчу хенахь лома дахар кечдеш ду могIарерчу рожехь".
Оццу хенахь гIалгIайн къаьмнийн юкъаметтигашкахула министралло кхайкхам арахецна радикалан тIебирзийнчу республикан бахархошка: "Кхойкху собаре хиларе а, арахоьцучу йозанашкахь а, комментарешкахь а агресси ца гайтаре а, къамнашна юкъахь гамо а, шина къоманна юкъахь мостагIалла а кхуллуш".
Цу кхайкхамехь тидам тIебахийтина, Мангалан-баттахь Маьтлоаме бевр хилар ГIалгIайчуьра бахархой. Цу юкъахь дакъалаца кхайкхина берриг а лаам болу нах, мичахь беха а, муьлхачу къомах бу, хIун дин лелош бу бохучуьнга хьаьжна доцуш аьлла.