Юсупов ИбрахIим. ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш...

Your browser doesn’t support HTML5

ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш... Юсупов ИбрахIим

Юсупов ИбрахIим

ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш...

ГIенах гин суна сайн Даймехкан декхнаш,
Басешца хьирчинчу дахкарех декхнарш.

Гин суна кхолламан дагтIера хьаьркаш -
Iаьмнаш чу хьоьжучуседарчийн бIаьргаш.

ГIенах гин дайн кIотар, туьнкалгаш, кIарраш,
Ламанца гIергIа сеш, лепадеш карраш.

Сайн гIенаш де-дийне бакъ хета тIеттIа,
Ткъа, дерриг самах дерг - гIенах гуш хета...

Сахалин, 1979 шо