Путинан тIом

Путин Владимир Ханкалахь, Нохчийчоь, 2000 шо

Your browser doesn’t support HTML5

Путинан тIом

Нисса 20 шо хьалха, 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь, тIом болабелира Къилбаседа Кавказехь, Путин Владимирх Оьрсийчоьнан президент вина болу, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо арахецначу шен материалехь журналисто Воронов Владимира. Хиллий "ТIом" проект Путинна хьажийна, я тIом ца хилча ца болуш хьал хIоьттира "Дарж караоьцург" (Преемник) леррина операци дIахьош?

ХIара цу материалан бацбина чулацам бу.

"1999-чу шарахь Марсхьокху-баттахь ФСБ-н директор цIеххьана премьер хIоьттича цуьнан рейтинг яра кепекан механ – 2%", - яздо шен "Байки кремлевского диггера" книгехь, цу хенахь журналистийн "Кремлан пулехь" болх беш хиллачу Трегубова Еленас.

Цу хенахь "зеделларг долу пиаршик Волин Алексей" волчу чуяхча, журналисто хаьттина хилла цуьнга: "Хьан карахь кху тайпа догдохийла йоцу клиент ву, вуно лахара рейтинг йолу а, нахана вевзаш ву ала дийца цхьа а хIума доцуш волу а… Хиндерг муха хир ду бохучух ойла яй вайшимма: цхьа а хIума а дуй-те кху дуьнентIехь, хьан пиар-тобанна цуьнан рейтинг хьалаяккха гIо дийр долу, цунах президент ван?"

Журналистко дийцарехь, "Лёшкас, коьртах маIар а хьаькхна", жоп делла:" ХIаъ. Ду. Толамца сихха дIабирзина тIом". (Елена Трегубова. Байки кремлевского диггера. М., 2003, с. 203).

Иза, дера, цецвоккху кӀоршамалла яра, цу тайпаниг, хаза а хезаш, алар. Амма юха а цитата ялор ю ас Трегубова Еленас яздинчун: "Волинан бӀатӀаьхьара рецепт кхочуш йира догдохийла йоцчу дархочо кхерочу нийсаллица".

Гезгмашин-беттан (Сентябрь) 9-чохь дуьйна Москох Гурьянова урамехь 9-за тIекIелдина цIа эккхийтинчул тIаьхьа, Путинан рейтинг кхиайолаелира Чернобылехь йолу наьрс санна: 3-4% кIиранах. Ткъа Нохчийчохь йолийна тIеман операци шен лакхене кхочучу ГIура-баттахь иза яра - 45%.

Цу тӀе аьлча, "Юкъараллан хетарг фондан" куьйгалхочо Ослон Александра а бакъдора, шаьш бинчу талламашца а Путинан рейтинг естийначу совсорган коьрта дакъа дара, юкъараллана хетачунна кхиаме кховдийна болу тIом аьлла.

ТIеман гIуллакхехь юьззина тентаг йолу "говза пиаршик", маьрша вара дIоггара ойла ца еш башхалла йоцуш дийца "толамца сихха дIабирзина тIом" санначу категорех лаьцна. Амма уггар жима "толамца сихха дIабоьрзу" тIом а ца болабо ойла а ца еш, голаш тIехь, я ши кIира хьала, я ши бутт хьалха кечбина.

Вуьшта, оццу деношкахь цхьа тIом хIинцале а боьдуш бара, иза боьдуш бара - Дагестанехь.

Тамашийна тIом

1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан (Август) 2-чу дийнахь Басаевн а, Хаттабан а тобанаша телатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана, ткъа шолгIачу дийнахь изза дира цара Агвали эвлана.

6-7-чу деношкахь тIеман хиламаш буьйлабелира БотIлихан кIоштахь – нохчийн тобанаша чуяхара Ансалта а, Рахата а эвланашна. Тамашийна ду, амма Марсхьокху-беттан 7-гIа де тIекхаччалц тIемалой тергал беш бацара.

ФСБ-н инарло Михайлов Александара тоьшалла дарца (цу хенахь иза Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан аппаратан Iедалан информацин урхаллан куьйгалхо. – Маршо Радио), Iедалан гIантда волчу Степашин Сергейгахула Дагестанан куьйгалхочо Магомедов МохьмадIелас дечу массо а дехарна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан хьаькамо Квашнин Анатолийс жоп лора олимпин сапаргIаталлица: "Сергей Вадимовим, Магомедовс басарш дукха дукъдо. Хьал чолхе ду, амма Iожаллан дац. Вай хIинцца цIанйир ю и меттиг бандитех" (Александр Михайлов. Портрет министра в контексте смутного времени: Сергей Степашин. М., 2001, с. 19).

Ша премьер а вацара саготта, цунна а моттара "Магомедовн синтем бар… леррина лелош дацахь а, цхьадолчун цунна шена хетарг а бен дац" аьлла. Сагатдан бахьана муха хин дара, цхьа кIира хьалха ницкъаллин структурийн куьйгалхоша иза тешийна хилча, Дагестанан а, Нохчийчоьнан а дозанера хьал куьйгакIеллахь ду бохучух"!

"Дерриг а цул тIаьхьа хилларг, цундела дара тамашийна, - эргIадвийлара инарла Михайлов, - ХIунда аьлча маситта бутт хьалха цунна хьажийна дара цу регионехь дIадаьхьна тIеман Iамораш, массо а ницкъаллин структураш цхьаьна тIом бан кечйеш. Эскарша гайтира шаьш дика Iаьмма хилар а, муьлхха а тIелатар юхатоха кийча хилар а".

Гантамиров Бислан а, инарла-полковник Казанцев Виктор а

ТIемаш буьйлало, амма Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан эскарийн буьйранча Казанцев Виктор, цхьа де хьала садаIа вахийтина хуьлу, нуьцкъала ала мегар долуш.

Инарлан Казанцевн биографо, цуьнан куьйгакIеллахь гIуллакх деш волчу Федоренко Максима ма аллара, агресси хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна тIемалошна дуьхьаллаьтта ницкъаш цхьаьнаметте схьагулбан иза ца волаваларан бехк цуьнан бацара, Казанцев а воцуш, чекхдоккхур ду шаьш цигара гIуллакх аьлла, тIом болалучу гIоьртинчу хьолехь иза садаIа хьажийначеран бара" (Максим Федоренко. Русский гамбит генерала Казанцева, М., 2003, с. 92).

Казанцев садаIа вахийтинарг мила вар дийцира Трошев Геннадис: "Со цкъа дуьххьара цецвелира, ваххабитийн агресси йолаеллачу бохаман деношкахь А. Квашнина буьйранча садоIучара схьа ца кхайкхича: "Витахь, садаьIна валийтахь". Ойла кхоллаелира: иза муха хуьлу? Цигахь баккъалла а тIом бу боьдуш, ткъа инарлан штабан хьаькимо тIеман гонан буьйранче омра дина цIахь хиина, малха кIеллахь вохлуш Iе аьлла, хьо ца хилчи а ларалур ду шаьш аьлла. Цхьа а доцург ду хуьлург…"(Геннадий Трошев. Моя война. Чеченский дневник окопного генерала. М., 2001, с. 221).

Хила а хуьлу иза цхьа а доцург, кхета хала долу тIеман корматаллан логика: Коьртачу штабан хьаькам (Квашнин) оццул воккха адамдезархо ву ала хала дара, боьдуш тIом а болуш, шен куьгакIелла волчу инарлана садаIа пурба дала.

Делахь, хьаькаман билггал цхьа Iалашонаш хиллера, округан эскаран буьйрнча тIемаш боьлхачу зонина генахь латто. Иза дан оьшуш хила тарлора-те, лаккхарчу буьйранчаллана оьшачул а жигара а хьаьвзина, цуьнга юьхьарлаьцнарг доха ца дайта?

Ларамаза дацара Трошевс билгалдаккхар, нуьцкъала ша вахийтинчу "отпускера" араваьлча "Казанцевс сихдинера эскар, масех дийнахь дIаяккха Дагестанера ваххабитийн анклав, аьлла

Цу кеппара тамашийна лелар дара кхечу цхьана коьртачу фигуран чоьхьарчу гIуллакхийн министран Рушайло Владимиран а. Мангалан а, Товбецан а шина баттахь 1999-чу шарахь, цхьа а тIеман хиламаш боцчу хенахь иза ваIданаш деш вара "хьалххе тохарш" дийр ду ша Нохчийчуьрчу тIемалошна а, церан базанашна а бохуш.

Амма тIемаш буьйлабелча Рушайлос, цIеххьана дIахьедар дира: "Тхуна ца хета вай Къилбаседа Кавказехь тIом бала мегачу хьолехь ду аьлла" ("Коммерсант", 1999, 4 августа).

Оцу хьокъехь кхечу агIор гуш дара, дуккха а наха тидам тIебахийтина кхин цхьа хIума: Басаевн а, Хаттабан а тобанаш Дагестанна чуяхар, уьш цига кхойкхуш йолуш санна, цхьа а еш новкъарло а йоцуш. Я уьш леррина чуйовлийнера.

1999-чу шарахь Марсхьокху-баттахь, БотIлих а, Рахата а, Ансалта а эвланашкахь тIемаш боьлхуш а болуш, цигахь командировкехь волуш, гинчух цецваьллера со, муха юьсийла дара Басаевн а, Хаттабан а тобанаш ца гуш, кхузахь дерриг а кера юккъехь санна гуш ма ду, аьлла.

Цецваьллера со, сайн бIаьргашна а гуш, цигахь вовшахтухуш болу Оьрсийчоьнан тIеман ницкъ гича. ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь саццаза тIеоьцуш дара тIехь эскарш а, техника а йолу Ил-76 тIеман кеманаш. Ницкъ а, тIеман техника а, хеталора, дуккха а алсам ю аьлла, Басаевн тIеман тобанаш эшо оьшучулла а. Иза тера дара тIелата кечло тIеман дакъош дIахIиттош долчух. ХIинжа-ГIалара БотIлихе боьдуш бу сетташ боьду ломара цхьа некъ. Кхин а некъаш хила а мегара цигахь, амма эскарш а, техника а (цу кIошта) дIакхачу кхин аьтто бацара оцу цхьана некъахула а бен.

Иштта, БотIлих яра цу деношкахь уггар коьрта меттиг, цигахь дIабоьлхуш бара буьйла белла тIемаш, чуоьхуьйтуш дара беркеманаш.

Делахь а эскарш, кеманашна тIера оьхьадуьссуш, дIаоьхуш дара кхечу меттиге. Ас цигахь яьккхинчу хеначохь тIеман техникан цхьа ковр яхара цу некъаца, шех ах мотораш а йоьхна циггахь йисина йолу.

Амма саццаза ХIинжа-ГIала схьаоьхуш долу эскарш кхин дIаэхара Хасавюрта, Нохчийчу чудаха шайна аьтто болчу агIор… Хьанна хаьа иза, сихха а, кIеззиг территори тIехь а дIахьо операци ца йогIуш хилла хила а тарло Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн инарлан штабан а, Кремлан а планашца. Дукха аьттонца дIанисделира и дерриг а цул тIаьхьа хиллачуьнан могIаре.

Нохчийчуьра шолгIа тIом, яккхийн тоьпаш еттар, 1999 шо

Дог цӀена къарвалар

Путин Владимира дийцарехь, хуьлург иштта туьдуш дара.

"Нагахь хаьлхарчу нохчийн олучу тIамехь, ша Iуналла дон территореш муьтIахь латто гIертачу Оьрсийчоьнан империн амбицеш бохург хьехо аьтто хиллехь а, стохка аьхка дерриг а нисса вукха агIор дара", - хаам бира Путина 2000-чу шарахь ГIадужу-беттан 23-хь, Францерчу телеканалашна ша еллачу интервьюхь.

Цхьа а бехк а боцуш, хьул йина йоцу агресси йина Оьрчоьнна дуьхьал, луларчу бусалбачу Дагестанна тIе а летта, дуьненаюкъарчу террористийн банданаша. Дагестанан бахархоша, бусалбанаша, кара герз а эцна, тIеман дуьхьало йира агрессорна. Охьа тесна бита безаш бара тхайн махкахой? Хила ма доггIу, Оьрсийчоьно жоп делла дала ма деззара. Тхан цIенош лелхийтина а вийна 1000 сов стаг. Ойла яйша цу терахьах".

Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтург ду Путина "Оьрсийчоьнан империн амбицеш" алар. Цул тIаьхь и гIалат долуьйтур дац цхьаммо а. ЦIенош лелхийтина байинчеран терахь а ду кхузза алсамдаьккхина. Официалан болчу хаамашца, и терахь ду 313 стаг.

Кхийдош йолу схема дуккха беркъа яра: тхуна тIелетта, тхо кIелхьардовла гIерташ дара, тIаккха террорхоша маьрша бахархой чохь беха цIенош лелхийтира Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь. Оха жоп делира. Ткъа тIеман эпопея йолаелла хан ягаръян еза ю 1999-чу шарахь Мангалан-баттахь Дагестанна тIелатар динчхьана дуьйна.

"От первого лица" книгехь, Нохчийчохь оперци дlаяхьа маца сацам бира аш, цIенош лелхийтале я цул тIаьхьа аьлла шега хаьттича, Путина жоп делира: "ТIаьхьа".

Иза догIуш дац хууш йолчу хронологица. Кхин тоьшалла дира хIинца а дийна волчу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр а, премьер-министр а хиллачу Степашин Сергейс.

2000-чу шарахь Дечкен-баттахь "Независимая газетана" еллачу интервьюхь цо элира: "Нохчийчоьнах лаьцна аьлча, дийца хIара ду сан. Цигахь жигаралан хIуманаш лелорах лаьцна план йоккхуш яра Зазадоккху-бутт болабелчхьана. Тхо дагахь дара Марсхьокху а, Гезгмашин а шина баттахь Теркаца дIатардала. Цундела иза хин дара цIенош ца лелхийтинехь а. (Авторо къастийна.)

Со жигара болх беш вара Нохчийчоьнца доза чIагIдеш, тIелата кечлуш. Цундела Владимир Путина кхузахь кхин керла хIума ца дийцина. Цу хьокъехь цуьнга шега а хатта мегар ду хьуна. Иза оцу хенахь ФСБ-н директор вара, цунна хууш дара дерриг а. Со даиман а вара Нохчийчохь онда а, луьра а политика дIаяхьарехьа. Амма ас дикка ойла йийр яра, Терк а хадийна, кхин дIа къилбе даха оьший-те аьлла" ("Независимая газета", 2000, 14 января).

Оьрсийчоьнан премьер-министр Степашин Сергей (аьтту агIорхьара шолгIа) Патриарх Алексий шолгIа (аьтту агIорхьара) цхьаьнакхетта Нохчийчохь йийсарера дIахецначу мозгIаршца

ДIадаханчу 20 шарахь Степашина аьлла дешнаш юхатоха цхьа а ца хIоьттина. Цу кепара даре дина: Нохчийчохь тIеман операци кечйеш хилла 1999-чу шеран Зазадоккху-баттахь дуьйна – Басаев Дагестане вахале а, цIенош лелхийтале а дуккха а хьалха дуьйна. "Дарж караоьцург" операцин планан эххаре хилла сибат а, гарехь, кхоччуш къаьстина хиллачух тера дац цу хенахь.

ТIеман бIаьсте

1999-чу шеран Гезгмашин-баттахь Березовский Борис бехке ван волийра Басаев Дагестане вахара цо ахча а делла бохуш. Оццу шарахь ГIадужу-беттан 12-хь Березовскийн долахь долчу "Независимая газетехь" материал араелира коьртачу редакторан Третьяков Виталийн. Цо яздора, нохчий Дагестане Iехийна чубалийна федералан Iедал Нохчийчохь юхадIахIоттор Iалашонца, бохуш. Цо яздора иза политикан агIор къобул йина Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн леррина операци яра бохуш. Цу кепара уггар лакхара Iедалхоша лерринчу сервисийн куьйгашца вовшахтоьхнера Басаев Дагестанна чувахар. Иза оьшуш дара Нохчийчохь шуьйра тIеман операци дIайоло, "Дарж караоьцург" операци кхиамца дIаерзор йолу а, "Толамца сихха дIаберзор болу" тIом дIаболо а.

Юкъаралла реза хиларца тIараш детташ ю

Кехатца дина омра а доцуш, Нохчийчу гIур дац шаьш элира инарлаш. Трошевс иштта яздира цунах лаьцна: "ДагадогIу суна, бандиташ Дагестанна дина тIелатар юхатоьхначул тIаьхьа цо (Квашнина) цу хенахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан буьйранчана Казанцевна керла декхар хIоттийра Нохчийчу эскарш хьажорна кечам бар. Казанцевс а, иза воцучара а юьхьанца иза цецбовларца тIеийцира. Нохчийчоь ма дарра аьлча йозуш йоцуш хиларх лаьцна а дийцира, Ельцинан а, Масхадовн а бертах лаьцна а, дуьненаюкъараллан хир йолчу реакцех лаьцна а, хьалхарчу кампанин дарсех лаьцна а дийцира…"

Цхьа абзац бен яц, амма мел чулацаме ю иза!

Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан эскарийн буьйранча Казанцев Виктор а, Нохчийчуьрчу администрацин куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан хьаькам Квашнин Анатолий а, 2000 шо

1999-чу шеран Гезгмашин-беттан 3-чохь инарлан штабан хьаькам а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр а Дагестане вогIу, Нохчийчу чудаха кечам бан хан тIекхаьчна хиларх лаьцна хаам бан. 4-чу дийнахь Буйнакскехь 136-чу гIашсалтийн бригадера эскархойн доьзалш бехачу 5-зза тIекIелдинчу цIанна хьалха машен эккха, 64 стаг а вуьйш, 146-нна чевнаш а еш. Ткъа 5-хь Iуьйранна Басаев Шамилан тобанаш чуйоьлху юха а Дагестане, амма хIинца Новолакан кIошта. 6-хь Оьрсийчоьнан тIеман авиаци бомбанаш а, ракеташ а етта йолало Нохчийчоьнан лаьмнашкарчу ярташка. 8-чохь Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхочо Путина дIахьедар до журналисташка: "Орсийчоь ша Iалашйеш ю, тхуна тIелетта, цундела вай дIатаса еза ерриг а синдромаш, цу юкъахь бехке хетаран синдром а цхьана". Оцу буса 23 сахт 59 минот яьлча Москох цIа оьккхуьйту Гурьянован урамехь. Вийна 106 стаг, 690 лазийна ву.

Теракт Буйнакскехь, 1999 шо

Гезгмашин-беттан 13-чохь Оьрсийчохь тезетан де кхайкхийна, Москох а, Буйнакскехь а байина нах дагалоцуш. Амма Iуьйранна 5 сахьт долуш Москох Каширское шоссехь эккхийтина цIа. Вийна 124 стаг.

Оццу дийнахь дIакхайкхийра Дагестанерчу ваххабитийн олучу Кадаран зонехь операци дIаерзийна хиларх лаьцна. 15-чу дийнахь дIаерзийна тIеман операци Новолакан кIоштахь.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Юшенков Сергейс 2002-чу шарахь Оханан-беттан 24-хь Вашингтонехь Дж. Кеннанан институтехь вистхуьлуш элира, 1999-чу шарахь Гезгмашин-беттан 23-хь Оьрсийчохь Iедалан карчам хилла аьлла.

Политико чIагIдарехь, цу дийнахь "губернаторийн тобано, верриг а 24 стаг, шайна хьалхаваьлла Белгородан кIоштан губернатор Савченко а волуш, дехар дира Оьрсийчоьнан президенте, хьайн декхарш премьер-министре Путин Владимире дIало аьлла. Оццу дийнахь президенто арахийцира Нохчийчохь тIом бан бакъо луш долу къайлаха указ. ДIаболабелира шолгIа тIом.

Хьал хийцадала доладелира вуно сиха. Гезгмашин-беттан 24-хь премьеро омра дира эскаршна Нохчийчохь тIеман операци дIахьо аьлла.

ТIом дехарш дарх сацалур боцуш тIебогIуш бара Нохчийчоьнна, амма шуьйра тIеман операци дIайоло, буьйранчашна тоьаш яцара премьеран бакъонаш. Инарлашна документ оьшура, низамашца ма оьшшу кечдина долу.

Гезгмашин-беттан 27-хь Ельцинан куьг тIехь долуш №1155 указ арадолу антитерроран операци дIайолорах лаьцна. Оцу дийнахь авиацино къаьхьа сурт хIоттош боьха бомбанаш а, ракеташ а етта Нохчийчоьнан коьртачу гIалана гергахь йолчу Соьлжан адамаш дехачу каппашка.

Кхин а ши де даьлча Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн дакъош чудахара Нохчийн Республикана, ткъа Путина дIахьедар дира Нохчийчоьнна гонаха "санитарин зона" кхолларо ерзор яц террорхой байарца йоьзна проблема аьлла. Иштта доладелира цуьнан рейтинг вуно сиха кхиар.

Иштта бу Маршо Радион Оьрсийн сервисо арахецначу журналистан Воронов Владимиран "Путинан тIом" материалан бацбина чулацам.