Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчохь уггар ларам болу бусалба стаг ву муфтийн Кхеташонан гIантда шайх Гайнутдин Равиль. Иштта сацам бина кху деношкахь гIезалойн "Бизнес Online" газето арахецначу рейтинган авторша.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хIоттийна цара 5-чу могIаре, нисса ГIезалойчоьнан хиллачу а (Шаймиев), хIинца волчу а (Минниханов) президенташна а, ткъа иштта UFC чемпионна Нурмагомедов Хьабибна а тIаьххье. Кадыровн рейтинг охьайоьжна, я хьалаяьлла ала хала ду, иза Оьрсийохь дуьххьара хIоттийна хиларна.
Ала деза, и статистика ша цхьаъ цахилар, Дагестанера спортхо Нохчийчоьнан куьйгалхочул хьалхаваьккхина йолу. "Дуьненера ларам болу 500 бусалба" глобалан рейтинган эксперташа 2019-чу шарахь Нурмагомедов юкъатоьхна шайн "седарчийн" олучу тептарна, "Дагестанехь хилла ца Iаш, Нохчийчохь а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу кхечу бусалба пачхьалкхашкахь а иза вуно лоруш" хилар билгалдоккхуш. Ткъа Кадыров оцу "лараран уьнна" тIехь вац.
Хаам: "Дуьненера ларам болу 500 бусалба" (TheMuslim500) рейтинг хIоттош берш бу Урдунерчу паччахьан талламан центран (The Royal Islamic Strategic Studies Centre) эксперташ. Иза хIоттош ю хIора шарахь 2009-чу шарахь дуьйна. 1-50 меттигаш номершца гойтуш ю, бисинарш (450) багарвеш бу, царах 20 стаг а ву къастош, "Лараме хьахоран тептарна" юкъатохарца. Кху шара ТОП-500 рейтингехь хьалхарчу меттигехь ву Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп (2-гIа - СаIудийн паччахь Салман, 3-гIа ву Урданан паччахь Iабдаллахь 2-гIа).
Кадыров даима а ву ТОП-500 декъашхо
Амма Кадыровн дозалла дан бахьана ду. "TheMuslim500" рейтинг 2009-чу шарахь кхоьллинчхьана иза хIоразза а юкъатоьхна ву цунна (иштта жамI гайтина кхин цхьа а бусалба стаг вац Оьрсийчуьра).
Бакъдерг дийцича, иза цкъа а ца хилла хьалхарчу 50 стагана а, висинчу 450-х "лараме хьахийнчарна" а юкъахь. Нурмагомедов юкъавахана рейтингана 2019-чу шарахь. Цунна цу сохьта елла "седанан меттиг" (Нурмагомедов дуьххьарлера Оьрсийчуьра бусалба ву цу лакхене кхаьчна волу).
Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтург ду рейтинган авторша Кадыровх лаьцна бина хаамаш муха хийцабелира бохург, аьлча а, дуьненаюкъарчу эксперташа иза дикачу агIор хьехо волор муха хилира бохург.
2009-2012: "Кадыров аьчкан буйнахь латтош ву Нохчийчуьра Iедалан институташ";
2013-2016 (тIетоьхна): "Вуно чулацаме Нохчийчохь реконструкция ян аьтто бина, уггар хьалха Оьрсийчоьно лучу ахчанца. И бахьана долуш "иза цхьаьна ца догӀу лелар долуш ву";
2017: изза, амма дIадаьккхина "иза цхьаьна ца догӀу лелар долуш ву";
2018-2019: дIадаьккхина "аьчган буй" а, "Москох ахча" а хьахор. Керла верси иштта ю: "Вуно чулацаме Нохчийчохь реконструкция ян аьтто бина, дIаяьхьна маситта дуьненаюкъара исламан конференци, царах цхьаъ 2016-чу шарахь гIоьртира бусалба-суннаташ боху кхетам билгалбаккха".
"Оьрсийчуьрча исламехь Гайнутдин ша цхьаъ бен вац лараме фугура"
Кадыровл а тIаьхьабуьсуш бу цу агIор, вай юхьехь йийцинчу Оьрсийчуьрчу бусалбанийн рейтингехь цулла хьалха болу ГIезалойчоьнан векалш.
Иштта, ГIезалойчоьнан президентан Минниханов Рустаман аьтто белира ТОП-500 рейтингана юкъаваха 5-зза (2010-2015). ХIоразза а иза хьахийна ву "ГIезалойчоьнан керла президент" аьлла. Ткъа цулхьалха цу даржехь хилла Шаймиев Минтимер "TheMuslim500" рейтинган юкъахь хилира цкъа - 2009-чу шарахь.
Цуьнца цхьаьна, Минниханов а, Шаймиев а мила ву кхетош бинчу хаамехь дуьйцург цу шиннах лаьцна дац, ГIезалойн Республика мехала регион хилар ду: "ГIезалойчоь хьоле регион ю Оьрсийчоьнна юккъехь Iуьллуш йолу. Цигара динан культура хестош ю, шеца бусалбалла а, Европан культура а хиларца".
Кадыров санна хIора шарахь аьлча санна рейтингана юкъатоьхна ву Оьрсийчуьрчу рейтинган лидер Гайнутдин Равиль (юкъарваьккхина цхьана 2010-чу шарахь). Цуьнан амал дикачу агIор хьехош ю рейтинган эксперташа.
"Оьрсийчуьрчу исламан системехь уггар лараме стаг волчух тера ду иза… Иза коьрта фигура ю Кремлан а, Оьрсийчуьрчу бусалбанийн а юкъаметтигашкахь", - яздо цара.
Умаров Докка а, Тазиев Iела а радикалаш бац, политикаш бу
2009-чу шарахь хIоттийначу хьалхарчу "TheMuslim500" рейтингехь Оьрсийчуьрчу ларам болчу бусалба-политикашна юкъахь вуьйцуш вара 4 стаг: хьалха вай хьахийна Кадыров а, Шаймиев а, ткъа иштта Умаров Докка а, гIалгIа Евлоев Ахьмад а.
Умаров Докка "Имарат Кавказ" тобанан хьалханча вара, 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIовш малийна вийна волу.
"Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа субъекташкара гIаттаман боламаш къайлаха цхьаьнатоха гIерташ ву иза", - яздора 2009-чу шарахь хIотийначу дуьненаюкъарчу рейтинган эксперташа. Цкъа бен кхин цу рейтингехь ца хилира Умаров.
Евлоев Ахьмад (иза коьртачу декъана вевзаш ву Оьрсийчохь Тазиев Iела цIарца) Iаткъаме тIемалойн хьалханча вара "Имарат Кавказ" структурехь "ГIалгIайчоь Вилайатана" куьйгалла деш волу.
Евлоев лецира 2010-чу шарахь. Карарчу хенахь террорхо хилла аьлла валлалц шена тоьхна хан токхуш ву иза "КIайн гIургIаз" олучу Соликамскерчу колонехь.
Евлоев шозза хилла ТОП-500 рейтингана юкъахь (2009-чу, 2010-чу а шерашкахь). Цо лелийнарг "Оьрсийчоьнан къилберчу дозанца маьрша бусалба пачхьалкх кхолла гIортар" аьлла хоуьйтуш ду талламан авторша.
"TheMuslim500" рейтингца цхьаьна хIоттош Iедал ду ша лаьтта экстремистийн тептар. Амма я Умаров а, я Евлоев а, я кхин волу Кавказера цхьа а стаг цкъа а хилла вац цу юкъахь.
Оьрсийчоьнан Iедалша, "экстремисташ", "террористаш" аьлла, Къилбаседа Кавказерчу къайлаха лелачу тобанийн декъашхошна мухIарш диттинехь а, и рейтинг хIоттийначу дуьненаюкъарчу эксперташна царах уггар Iаткъаме нах доккхачу декъана политикаш бара, кхераме радикалаш болчул а.