ХьаьжцIа вахар вуно халонга дала мегаш ду кестта - Iилманчаш

ХьаьжцӀа

Your browser doesn’t support HTML5

ХьаьжцIа вахар вуно халонга дала мегаш ду кестта - Iилманчаш

Шо шаре мел долу а чIагIлучу йовхоно забар йоцуш кхерам бохьу ХьаьжанцIа боьлхучу бусалбанашна

Iаьрбийн ахгIайренехь а, ерриг а Гергарчу Малхбалехь а климат кхераме хийцалуш ю. 32 градус бен хIаваъ дох ца лахь а, цуьнан тIуналлан барам лекхара хиларна бохаме хила мегаш ду иза адамашна.

Кху цхьна шарахь лаххара а иттаннаш хьаьжой кхелхина вуно йовхо хIоттарна. Иштта, кхераме хила мегаш ду тIедогIу шо а. ХьаьжцIа вахар къаьсттина хала хила мегаш ду, иза дIадахьар уггар бовхачу баттахь нислучу 2047-2052 шерашкахь, варе бо бусалбанаш Iамеркерчу Массачусетс штатерчу талламхоша.

СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан Iедалш дуьхьал хуьлу хьаьж дечу деношкахь беллачу нахах лаьцна хаамаш шуьйра дIасабаржорна. Цара бакъо ца ло беллачу нехан декъий гойтуш видео яккха, дуьйцу кху шарахь ХьаьжанцIа баханчу наха.

Хьаьж

Марсхьокху-баттахь WhatsApp-хь яьржира Нохчийчуьрчу хьаьжоша яьккхина цхьа видео. Цу тIехь гуш ду хьаьж дечу деношкахь белла нах варданашкахь дIахьош хилар. Уьш дагардеш ву нохчийн жима стаг. Цо дагардо 20 дакъа. Гуш ду СаIудийн полисхой видео ца яккхийта гIерташ хилар, амма нохчочо дIа ца йойу камера, къайлаха хулуьрг дIаяздеш.

Цхьаболчарна Iожалла карйо хьаьжошна юкъахь лаьтташ, вуьйсуш ле Маккан дарбанан хIусамашкахь. Иштта, кху деношкахь велла Дагестанера Даудов Ханип-Хьаьжа. Дог лаздаларна кхелхина иза Фейсалан цIарахчу хIоспиталехь. Цунах лаьцна Facebook-хь хаам бина Дагестанерчу журналисто Гаджиев Iабдулхьамида.

Цо дийцарехь, хьалхо елла Дагестанера хьаьжо Курбанова Пирдавуз. Бакъдерг дийцира, цуьнан Iожалла йовхо хиларца йоьзна яц. Некъа йистехь сецначу Даудова чохь йолчу автобусана тIетоьхна йоккха машен. Цу бохамехь лазийна хилла Дагестанан ши вахархо хIинца а дарбанан хIусамашкахь ву Маккахь а, Джиддехь а.

"СаIудийн Пачхьалкхехь аьхка дахаран хьелаш лан хала хуьлу, ткъа хьаьж деш дуккхахадолу гIуллакхаш арахь дон. ТIехула тIе адамашна юкъахь лаьтташ хенахIоттаман хьелаш чолхе хилча, кхерам алсам хуьлу адамаш тIеттIатаьIна бохамаш хиларан,- дуьйцу хьаьж деш адамаш даларан бахьанаш талларан авторех цхьаъ волчу профессоро Аль-Тахир Фатиха.

Официалан болчу хаамашца, Маккахь 1990-чу шарахь хиллачу цу тайпачу бохамехь вийра 1462 стаг. 2015-чу шарахь кхелхира 769 хьажо, кхин а 934 лазийна вара. Профессорна Аль-Тахирна хетарехь, хIаваан температура дукха лакхара хиларо Iаткъам бина хила мегаш бу адамийн леларна.

Iилманчаш дийцарехь, хьаьж деш адамаш кхалхар сацалур дац, амма аьтто бу адамаш даларан болу кхерам а, кхелхачу нехан терахь а лахдан.

Талламан авторша зераш дIадаьхьна цу хьокъехь. И бол белш цара лелийна карарчу хенахь климат цхьатерра латтийта адамашкахь болчу аьттонех пайда а оьцуш.

ЖамI ду синтем боцуш. ХIуъа дича а адамийн лелар кхераме хила мегаш хилар дуьсуш ду. Амма цхьа а хIума а ца деш Iийча лакхара тIуналла йолу хIаваъ а, кхин а яккхийн температураш хила мегаш ю хьаьж дечу меттигашкахь.

Цундела баларш кIезиг хилийта Iилманчаша хьехар до йовхачу хенахь хьаьжцIа богIучу нехан терахь лахдан деза бохуш.

Билгалдаккха деза кхушара аьхкенан юххьехь кху дуьнентIехь уггар лакхара температураш хилла хилар Iаьрбийн ахгIайренехь. 55 градус йовхо хилла СаIудехь Маккана 800 километр генахь Iуьллучу Маджма гIалахь, ткъа 63 градус хилла малхе ваьлча луларчу Кувейтехь.