Тбилисерчу Германин векалтна хьалха

Your browser doesn’t support HTML5

Тбилисерчу Германин векалтна хьалха гулбелира Паьнгазара нохчий. Цара дийхира Нохчийчуьрчу тIеман декъашхо, Гуьржийчохь хьалакхиина а, ваьхна волу Хангошвили Зеламха Берлинехь верна кхоччуш тидам тIебахийтар а, таллар а. Зуламхочун цIеяккхаре а, иза кхела хьалха хIотторе а сатуьйсу гуламхоша. Паьнгазхоша декхарейо Германи Хангошвилих бисинчу доьзална кхерамзалла кхачон. Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Берлинехь вийна Хангошвили Зеламха. Зулам толлуш полицино лаьцна 49 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо. Германин векалша дош делла гуламхошна церан петици Берлине дIакхачо, тешийна паьнгазхой, шайн пачхьалкхо тесна дуьтур дац, аьлла, зулам таллар.