Your browser doesn’t support HTML5
Липецкан кIоштан талламан изоляторехь Бачалов Ахьмад кхалхаран официалан версех ца теша цуьнан гергарнаш. Царна хетарехь, тутмакх ницкъ бина вийна набахтехь. Гергарнаш дагахь бу хиллачунна дуьхе кхиа.
42 шо долу ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштан вахархо Бачалов Ахьмад кхелхира Гезгмашин-беттан 8-хь Липецкан кIоштан №1 талламан изоляторехь. Цуьнан гергарчара дIахьедар дина, иза вийна аьлла. Instagram-чу гIалгIайн агIонашкахь арадовлуш ду вийначун дегIа тIехь ницкъ баран ларш йолуш даьхна сурташ.
"Цо ша шена тIе куьйгаш хьойла дацара, цуьнан доьзал бара, иза шеца жигаралла долуш вара, шен бераш дукха дезара цунна, гаргарнаш безара. Тхуна хаьа, цунна ницкъ бина хиларх лаьцна. Цуьнан нанас дуьйцу, цо телефон тохара, латкъамаш бора, шена Iаткъам беш бу бохуш. Цуьнга кхечу тутмакхашна харц тоьшаллаш дайта гIерташ хиллера. Иза реза ца хилара иза дан. Иза велча, нене элира, цо ша шена тIе куьйгаш даьхьна аьлла. Иза дIавоьллира Гезгмашин-беттан 10-хь ГIалгIайчуьрчу Соьлжан кIоштахь", - дийцира "Кавказ.Реалиига" Бачаловн ненайишас Бачалова Азас.
Цо билгалдаккхарехь, Бачалов Ахьмада набахьтехь 4 шо ах шо хан яьккхинера, ткъа кхин а ах шо даьлча иза маьршавала везаш вара.
"Оцу хьолехь цхьанна а луур дац вала. ТIехула тIе иза ламаз деш вара, цу тайпаниг цкъа а дийр долуш вацара иза. ГIалгIайчохь цу тайпаниг хуьлуш дац ала мегар ду. Иза зудаялийна вара, цуьнан ши бер ду. Маьрша а ваьлла, шега хоьжуш болчу шен доьзалца цхьана ваха лууш вара иза, - дийцира Бачаловас.
"Бехкечунна таIзар дан деза"
Бачаловн гергарнаш дагахь бу нийсоне кхача. "Тхуна хаа лаьа иза муха кхелхина. Гергарнаш а, юкъаралла а ГIалгIайчохь саготта ю хIоттина хьал бахьана долуш. Дуккха а нах бу (тхан) набахташкахь, тхуна луург ду цигахь уьш хьийзош ца хилар. Нагахь цхьаъ бехке велахь, цунна таIзар дан деза", - дерзийра Бачаловас шен къамел.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн тутмакх вийна ши зуламхо чувоьллина Челябинскехь
ТаIзарш кхочушдон Федералан сервисан Липецкан кIоштан урхалла тIера ца йолу, Бачаловс ша шена тIе куьйгаш даьхьна бохучунна.
"2019-чу шарахь Гезгмашин-беттан 8-хь Iуьйранна 6 сахьт долуш ФКУ СИЗО-1 талламан изоляторан белхахошна режиман гIишлонан цхьана кемери чохь дакъа карийра чувоьллинчуьнан <…>. Цунна чу садаийта гIерташ лелийначо жамI ца деара. Иза хиллачу метте кхайкхинера оперативан-талламан тоба а, суьдан-медицинан эксперт а. Хьалххе хилларг толлуш хьажначул тIаьхьа нуьцкъала веран билгалонаш ца карийна", - дийцира "Кавказ.Реалиига" ТаIзарш кхочушдон Федералан сервисан Липецкан кIоштан урхаллан зорбан сервисан векало.
Делахь а, гергарнаш а, бакъонашларъярхой а таллам байта гIерташ бу ма дарра хилларг къастош. Цу хьокъехь кхайкхам бина цара Оьрсийчоьнан Талламан комитете а, Инарлин прокуратуре а, ТаIзарш кхочушдон Федералан сервисе а.
"Gulagu.net" проектан координаторо Ушаков Бориса аьлла, Бачалов кхалхар леррина дина стаг вер ду аьлла.
"Цунна маситтоза кхерамаш теснера, чубоьхкинчу нахана мотт бетта иза реза ца хиларна. ТаIзарш кхочушдон Федералан сервисан Липецкан кIоштан урхаллан белхахоша аьлла гергарчаьрга, цо ша шена тIе куьйгаш даьхьна аьлла. Амма иза валаран и бахьана хуьлийла дац. Бачалов цу тайпа хIума дан цкъа а дагахь хилла ца хиларна, - аьлла ду Ушаковн дIахьедарехь.
Цо дийцарехь, Бачаловн дегIа тIехь дуккха а ницкъ баран ларш ю, иза этIор ду лортIехь доцуш, эвнан уллехь гуш ю Iоьттина йина чов а, кховра даьлла меттиг а. Иза тоьшалла ду Бачаловн логана Iуттучу хIуманца чов йина хиларан", - дийцира Ушаковс.
Бачалов кхалхар хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхоллале беш таллам бу. Цуьнан жамIаш довзийта дезаш ду ГIадужу-бутт болалуш.