Your browser doesn’t support HTML5
Хьалха санна шен рожехь болх беш ю ГIалгIайчоьнан бусалба динан урхалла (муфтият). Иза дIайоккхуш бинчу сацамна, гарехь, латкъам бийр бу кхелехь.
ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу Кхело оршотан дийнахь юстицин министраллан республикерчу урхаллан дехарца сацам бира, бусалба динан Центр (муфтият) дIаяккхар хьокъехь. Суьдан векало бинчу хаамца, пачхьалкхан цхьааллан реестрна тIера иза хIинца дIайоккхуш ю юридикан юкъаралла санна.
Ахриев Гапур юрист ву, муфтиятан луург кхелехь дуьйцуш хилла. Цо дийцарехь, и сацам хIинца а ницкъ болуш бац, ткъа юкъаралла официалан кепара дIаяьккхина лоруш яц.
"Сацам ницкъ болуш хир бу кхин а цхьа бутт баьлча. Тхан бакъо ю цунна латкъам бан. Цундела апелляцин сацам баллалц юкъаралла болх беш ю. Латкъам бар хьокъехь сацам куьйгалхоша бийр бу. Иза дIаяккха низаман бух бац", - элира цо.
"Низаме диллича кхеташ хIума дац иза"
Муфтият дIаяккхар – низамца богIуш боцу сацам бу, боху "Яблоко" партин республикерчу декъан куьйгалхочо, бакъонашларъярхочо Муцольгов Руслана.
"Иза низаман бух тIехь бина сацам бац. И сацам боьзна бу ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хилла Евкуров Юнус-Бек а, муфтият а дуьхь-дуьхьал латтарца. И процедура йолийнера хьалхо, ткъа иза низаме диллича кхеташ хIума дац,- элира Муцольговс.
Цунна хетарехь, Iедал юкъагIерта ца деза динан гIуллакхашна. Амма кхузахь Iедалан векалша гайтина, динан дай а, юкъараллан жигархой а, йозуш йоцу юкъараллаш а, дуьхьалонан боламан декъашхой а маьрша буьтур ца хилар, боху Муцольговс.
2015-чу шарахь ГIуран-бутт чекхболуш цу хенахь ГIалгIайчоьан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека критика йира республикерчу динан урхаллина, муфтега Хамхоев Iийсага дарж дитар а доьхуш. 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 27-хь ГIалгIайчоьнан муфтиято сацам бира Евкуров Юнус-Бек бусалба юкъараллан юкъара дIаваккха, цо Магасехь маьждиг дан гулдина ахча стенга дахана диццалц а, динан урхалла хьокъехь харцо лелор сацадаллалц а аьлла. Цу кехатна тIе куьг таIийнера муфтийс Хамхоевс.
Your browser doesn’t support HTML5
Хамхоевс куьйгалла дира гIалгIайн муфтиятана 15 сов шарахь. КхоазлагIа а иза цу дарже хаьржира 2014-чу шарахь Товбецан-баттахь. 2019-чу шарахь Товбецан-бутт болалуш республикерчу маситта эвлан имамо дехар дира Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре дукха хан йоцуш муфтиятехь бина талламаш бакъонца бу-бац къастор.
Кхушара Товбецан-беттан 17-хь Iелам нехан а, республикерчу имамийн а Кхеташоно (Хамхоевн метта) муфтий хаьржира Мартазанов Iабдурахьман. Муфтиятехь 20 шарахь къеданашна куьйгалла дина ву иза.