ДаIишхойх дисина бай цIадерзош ю Гуьржийчоь
Your browser doesn’t support HTML5
Шемахь а, Иракъехь а тIемаш бинчу шайн махкахойх дисина бераш а, зударий а цIаберзош ду Гуьржийчоьнан Iедал. Кеп-кепарчу тобанашкахь тIемаш беш лелла массийтта бIе Гуьржийчоьнан вахархо. Иракъехь 20 шо хан а тоьхна, набахте хьажийначу шен йоьIан бераш кхобучу воккхачу стагца цхьаьнакхийтира "Карарчу Хенан" корреспондент.