Your browser doesn’t support HTML5
Дукха хан яра ГIалгIайчохь йиттинчу 7 шо долчу йоIан Ажигова Iайшин нана Евлоева Лидия иза ган сатуьйсуш йолу. Иза тIеяхнера Оьрсийчуьрчу берийн омбудсменна Кузнецова Аннина, ткъа и шиъ цхьаьна яхара йоIанна дарба лелочу клинике. Iайшица бохам хилале хьалха йоI гергарчара нуьцкъаша дIаяьккхинера ненера. Цунна бакъо ца лора иза ган.
ДIаяханчу аьхка, шен йоIанна йиттина хилар хиина Евлоева Лидия Несарарчу дарбанан цIийне яхана хиллера иза ган. Амма лоьраша а, Iедалхоша а чу ца йитира иза.
Лидияс чIагIдора, шен бер шеца дитийта гIерташ ю ша бохуш. Нана шен йоI къийса йолаелира "Правовая инициатива" а, "Права женщины" а вовшахтохараллаш шена гIортор ян йолаелча. Евлоевера дIа ца яьхна ненан бакъонаш. Цуьнан суьдехь гӀо лоцу агӀон векалш бу адвокаташ Абубакарова Малика а, Мисалова Елена а.
Iайшица бохам хилар ларамаза нисделла хIума дац, иза ца хилча ца долуш дара, аьлла хета Абубакарована. Цо чIагIдарехь, карарчу хенахь дуккха а бераш ду Къилбаседа Кавказерчу регионехь цу кеппарчу кхерамна кIеллахь. Амма и гIуллакх хийца аьтто а бу, иза хийца дезаш а ду, бохуш дуьйцу адвокато.
Цу зудчунна а, цуьнан йоIанна а и шиъ цхьаьнатухуш гIо дан лууш ду шаьш, боху Абубакаровас.
"Хьалха и шиъ цхьаьна яра, хала хиллехь а, атта хиллехь а. Лидияс цкъа элира соьга: "Мел суна хала хиллехь а, ледарчу хьелашкахь со ехаш хиллехь а, соьца сан йоI яра, гIоза-декъал а, еттаза а, чолакх янза а. Ткъа хIара хилира иза соьгара дIаяьккхича! Хьовсийша, сан шина кIанте. И шиъ могуш ву, царна етташ вац цхьа а, доьзалехь цхьа а хIума дац цу шинна кхераме". Со кхета иза бакъ хиларх. Амма цуьнца цхьаьна мехала ду, хIинца лерринчу тидамца цуьнга хьоьжучу Iедалан инстанцеша ма бохху, цуьнан дахаран хьелаш дика хилар а", - боху адвокато.
Абубакарована хетарехь, Iайша ненах дIаяккха езаш яц, мелхо а социалан хаттарш кхочуш дарехь гIо дан дезаш ду цу доьзална, низамо Iедалшна хьоьхуш ма хиллара.
Цхьаьнакхетарехь Кузнецова Аннас хиттира Лидияга цунна Москох ян а, ши кIант школе вохуьйтуш а, кехаташ дIанисдеш а гIо динчу нахах лаьцна. Гучудаьлларг дара цу нахана юкъахь Iедалан векалш цахилар.
Бохаман масштаб
Адвокатана Абубакарована хетарехь, Лидияца хилларг дакъа ду, кхечу республикашкахь а йолчу вуно йоккхачу проблеман. Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан омбудсмене дийцира шаьш, боху цо: "Доьзал боьхча, нанас кхеле доьху бераш шеца дитар. Амма цу хьокъехь сацам бича а кхелан пурстоьпаша шайн болх ца баро халонаш кхуллу и сацам кхочуш бан. Беран ден гергарчара ца гойту иза нанна. Ткъа Iедалан векалша гIо ца до цу гIуллакхехь".
Адвокато билгалдаккхарехь, цу тайпа меттигаш дуккха а ю республикехь. Iайша санна бераш а ду ненера дIадаьхна а, ницкъ бар ловш а.
Юристана хетарехь, Къилбаседа Кавказера гIаланашкарчу а, ярташкарчу а Iедалан белхахоша шайн тидамехь латто деза да-нана доцчу берийн дахаран хьелаш. Цара таллам бан беза муха кхобуш ду уьш бохучун.
Абубакаровас дийцарехь, Iайшица хилларг шайн тидамехь латтош дукха нах бу ГIалгIайчохь.
"Юьхьанцара бакъ долу хьал ца хаарна дуккха а нах бара Лидияна дуьхьал. Нана муха бехке йийр ю, ден гергарчаьрца йоI ехаш хилча? Нана йолчехь ца хиллий цуьнца хилла ирча бохам? - хоьтту адвокато.
ГIалгIайчуьрчу 5-а зудчун дехарш тIехь долу кехаташ берийн омбудсмене Кузнецовага дIаделира ша, элира Абубакаровас. Цо дийцарехь, Губашева Асет а, Муружева Лайлаъ а, Кодзоева Зарифа а, Сагова Хэди а, ткъа иштта Хамзатова Малика а ю карарчу хенахь низамца шайца даха дезачу берашна тIекхача аьтто боцуш.