Шен хилла зуда йийна хIири кхечу зуламашна а бехке хилла

Шен хилла хIусамнана йийна 31 шо долу Техов Вадим хьалхо кхин нах байа гIоьртина а хилла. Стохка БуьритIерчу цхьана кафечохь хиллачу инцидентна юкъахь хилла а ву иза. ХIирийчу садаIа баьхкинчу ГIалгIайчуьрчу бахархошца конфликт иккхина хилла Теховн а, цуьнан доттагIийн а. Кхаа гIалгIана уьрсан чевнаш йинера цара хIетахь. Цигахь зенаш динчийн интересаш Iалашъеш ву адвокат Ахильгов Калой. Инстаграмехь кадамбина цо ГагиевгIеран доьзале.

"ДIалаьцна кхуьй а дIасавалар а дехкий вита аьлла, хьехнера прокуроро кхелахошна. Оха адамашна кхераме бу уьш, чохь бита аьллера, хIунда аьлча, къиза зуламаш дарна бехкебинера уьш. Цу тIе Теховн биографи цуьнца доглазаме хуьлучух яцара. Полисхо лелла ву иза. Шен хьалхарчу зудчунна къиза йиттинчул тIаьхьа балхара дIаваьккхинера иза", - яздина Ахильговс.

Ишта адвокато бахарехь, наркотикаш лелийна аьлла а, шеконашкахь хилла Техов. Амма хIетте а кхуьй а цIера дIасавалар а дихкина маьрша витина.

"Кавказ.Реалии" портало яздира, БуьритIера 22 шо долчу Гагиева Регинина цуьнан хиллачу цIийндас логах урс хьекхарх. Цо йинчу чевнех елла иза кхааридийнахь. КIира хьлха дарбан цIийне кхачийнера иза.