ГIалгIайн духьалонехь лоьху махкал арахьара лар

Your browser doesn’t support HTML5

ГIалгIайн духьалонехь лоьху махкал арахьара лар


Кхечу пачхьалкхашкарчу фондашкара ахча оьцучу шина юкъараллин вовшахтохарехь цхьанаметта маситта сохьтехь цӀийнах хьаьжна ницкъаллин структурийн белхахой ГIалгIайчохь. ДIадаьхна фианансин а, кхин долу а документаш.

Цу хьокъехь бинчу сацамехь дуьйцуш ду, талламаш беш бу республикехь хиллачу дуьхьалонан акцешна ахчанца гIо дарца и ши вовшахтохар декъа хилар къастош.

Гезгмашин-беттан 24-хь таллам бира Несарарчу "Ресурсный центр 'Развитие'" вовшахтохарна, ткъа иштта цIийнах хьаьжира Соьлжан кIоштахь ехачу меттигерчу "Институт социальных изменений" вовшахтохараллан куьйгалхочун Дзейт Залинин.

"Талламаш бар дахделира "Развитие" центран офисехь 6 сохьтехь гергга. ДIадаьхьна кехаташ, шайна юкъахь финансийн документаш а долуш. Тхуна сацам гайтира цIийнах хьажар дIадахьаран бахьана дуьйцуш болу. Цу тIехь аьлла дара, талламаш беш хиларх лаьцна, дуьхьалонан акцеш вовшахтухуш а, царна ахча луш а оха дакъалаьцна я ца лаьцна къастор Iалашонца, – дийцира цу центран куьйгалхочо Ахильгова Джаннетас.

Цо билгалдаккхарехь, церан вовшахтохараллехь цу тайпа талламаш дуьххьара беш бу: "Тхан центр болх беш ю 2013-чу шарахь дуьйна. Оха накъосталла дон кхин йолчу Iедалшца йоьзна йоцчу вовшатохаршна болх беш, синӀаткъаме гIо до оха зударшна, наъосталло до кегийрхошна. Хьалха цу тайпа мероприятеш ца хилла. Хилара юстицин министраллин а, прокуратурин а талламаш, амма царах чекхйовлу ерриг а вовшахтохарш. Со яц дуьхьалонан боламан жигархо. ТIаьхьарчу шарахь, могашалла галъяьлла хиларна, буьззинчу барамехь юкъараллин болх беш а яц со".

Ахильговас бинчу хаамца, церан центрана гIо деш ю Iамеркера Дуьненаюкъара глобалан зударийн фонд а, ткъа иштта бахархойн бакъонаш ларйон Фонд а. Цара делла ахча чекхдаьлча а, волонтёрашка гIо дар а доьхуш, шайн болх саца ца бора шаьш, боху юкъараллин жигархочо.

"Институт социальных изменений" вовшахтохаран куьйгалхочун Дзейт Залинин цIийнах хьаьвсира 2 сохьтехь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказан федералан гонехула йолчу коьртачу урхаллан "Э" Центран белхахой.

"Тхан нана а, бераш а дара цIахь. «Э» Центран белхахоша элира, талламаш бар доьзна хилар, дуьхьалонан акцешна ахча делла сурсаташ лахарца. Суна хаарехь,толлуш ю кхечу пачхьалкхашкарчу фондашкара ахча оьцуш хилла ерриг а, НКО олу, коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохарш.

Со яц дуьхьалонан боламан жигархо. Тхан Институт кхоьллина 2008-чу шарахь. Стохка Товбеца-бутт тIекхаччалц цуьнан цIе яра "ГIалгIайчоьнан хьехархойн цхьаьнакхетар". Кху тайпа мероприятеш цкъа хилла яцара тхоьца", - дуьйцу Дзейта.

ГIалгIайчоь -- «Институт социальных изменений» вовшахтохаран проектан декъашхой

Цо билгалдаккхарехь, цаьргара кехаташ дIадаьхьна кхаа проектехула. Царах цхьаъ ю зударийн бакъонашкахула семинараш дIаяхьар. Важа проект ю мехкарша волонтёрийн боламехь дакъалацарца йоьзнарг. Ткъа иштта оха кхочуш йинера «Практика социологических исследований» олу проект а. И кхо проект кхочуш йинера, Британерчу "Машарбар" а, Германерчу Бёлль Генрихан а фондаша гIо а дина.

Дзейта билгалдоккху и проекташ политикица йоьзна ца хилар.

Дагадоьуйту, Марсхькху-беттан 16-хь цийнах хаьвсина хилар "Правовая инициатива" вовшахтохаран Несарарчу офисехь. Цу офисан куьйгалхочо Барахоев Мохьмада иза дузу шаьш "митингаца доьзначу гIуллакхехула" жоьпе озийначу гIалгIайн 8 жигархочунна гIо деш хиларца.

Кхушара Зазадоккху-баттахь Магасехь митинг хилира, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь билгалдаьккхина доза нийса дац аьлла хетачу наха дакъа а лоцуш. ШолгIачу дийнахь и акци дIайирзира, цуьнан декъашхошна а, ницкъаллин структурийн белхахошна а юкъахь тасадаларш а хуьлуш.