Your browser doesn’t support HTML5
Барзо а, цхьогало а, нIаьно а цхьаьнакхетта сацам бина лаьмнашкахь цхьа ца вехачу хьуьнхахь шахьар йилла.
- Муха йилла еза и шахьар? Уггар хьалха хIун дан деза вай? - хаьттина барзо цхьогале.
- Ахь хьуьнхара дечиг дохьур ду, ас стигала кIур оьхуьйтур бу, ткъа нIаьно Iуьйранна, кхайкхина, массо а самавоккхур ву. ТIаккха нахана юкъахь даьржар ду вай шахьар йиллина аьлла, - жоп делла цхьогало.
ШолгIачу дийнахь борз хьуьнха яхана дечиг даккха, ткъа цхьогал, шена ижонна нIаьна схьалаца дагахь, цунна тIаьхьадаьлла. НIаьна едда кIелхьаръяьлла, цхьогалан багахь цIога а дуьсуш.
Мор буьззина дечиг дохьуш схьакхаьчначу барзана дитта тIехь нIаьна гина, цIога а доцуш.
- Ой, хьуна хIун хилла? - аьлла, цецъяьлла борз.
НIаьно хилларг дийцича, оьгIазъяханчу барзо тIекхетта, цхьогалан цIога схьадаьккхина. Цунах деддачуцхьогало гена а даьлла мохь тоьхна:
- Вададай! Вай иштта вовшийн цIогарчий ийзош Iахь, вай цкъа а юьллур яц цхьа а шахьара!